ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лукашенко: лецначу россиянаша "схьадийцина дерриг", Истанбулах дуьйцург - "аьшпаш"


Белорусин президент Лукашенко Александр
Белорусин президент Лукашенко Александр

Президентан харжамаш тIекхочуш а болуш, парламентан депутаташка а, махкахошка вистхилла Белорусин президент Лукашенко Александар, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Республикан гIала-хIусамехь къамел дира цо чохь 2,5 эзар стаг а волуш.

Харжаман компанех лаьцна Лукашенкос элира, Белорусина дуьхьал яьхна "миллиардийн ресурсаш" ю аьлла. "Вагнер" доларчу тIеман компанин белхахо хила мегаш волу, къепедацарш кечдеш хиларна бехке веш волу Оьрсийчоьнан 33 махкахо дIалацарх лаьцна дуьйцуш, Лукашекос элира, уьш Истанбуле баха дагахь ца хиллера, амма хьажийна бара уьш нисса Белорусе аьлла.

И нах Туркойчу а, Ливе я Венесуэле боьлхуш бара, бохуш Оьрсийчоьнан векалша йовзуьйтуш йолу версеш Лукашенкос аьшпаш бу элира, цо кхайкхам бира эшпаш боттар сацаде аьлла. Цуьнца цхьаьна цо нисса дIа ца элира Белоруси и тоба хьажорна тIехьа лаьтташ официалан Москва хиларх лаьцна.

Лукашенкос дийцарехь, лецна болчу Оьрсийчоьнан бахархоша хIинцале а кийтарлонаш йина. "Цара дерриг а схьадийцина". Амма хIун чулацам болуш ю цара йина кийтарлонаш ца элира цо.

Лукашенкос кхайкхам бира шен оппоненташка, махкара хьал гал ма даккха аьлла. Белорусин президенто дийцарехь, мехкан къилбе хьажийна ю кхин а цхьа диверсантийн тоба.

Лецна Оьрсийчоьнан махкахой Белорусехула транзит еш бара аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан арахаьрчу гIуллакхийн министралло а, Оьрсийчоьнан Минскерчу векало а.

Лецна болчу Оьрсийчоьнан махкахошна юкъахь бу хьалхо Донбассехь Украинин армина дуьхьал тIом бина нах. "ДНР" олучу сепаратистийн тобанан могIаршлахь тIом бин волчу Оьрсийчоьнан яздархочо Прилепин Захара дIахьедар дина шинарин дийнахь, Оьрсийчуьра Белорусе веана хилла 170 стаг цигара хIинцале а дIавахна аьлла.

"Масийтта тоба яр, Долара гIаролхойн тоба (ЧОП) ала мегар ду царах, и тобанаш Беларусехула транзитца кхоалгIачу пачхьалкхе йоьлхуш яра. ТIеххьара дIаяха езаш хилла тоба сацийра Белорусин Iедалша", - дIахьедина Прилепина Марсхьокху-беттан 4-хь.

Шен къамел долош Лукашенкос мах хадийра дуьйненаюкъарчу хьолан. Белорусин президентана хетарехь, "планета тӀаьхь-тӀаьхьа Iинна герга йоьдуш ю". Политикан а, тIеман а тIегIантIе дуьйлуш долу лоруш йолчу пачхьалкхашна юкъахь махбаран девнаш хиларна а, герзаш дарехь къийсадалар алсамдаларна а тIе тидам бахийтира Лукашенкос. Советан пачхьалкх хиллачу территорина тIехь иттаннаш шерашкахь дукха шира девнаш дIадерзалуш яц пачхьалкхаш, бохуш вара иза.

Белоруси "тийналлин ша цхьаъ бен йоцу гIайре" ю Евразехь элира Лукашенкос. Президенто дIахьедар дира Москван цхьаъ бен йоцу бертахо йолу Белоруси а йоцуш йисарна кхоьруш ю Оьрсийчоь аьлла. Цо билгалдаьккхира, Оьрсийчоь "даима а бертахо хирг хилар" Белорусин, "Iедалехь милла хилахь а".

Оццу хенахь, Лукашенкос дийцарехь, Москвано "хийцина вежараллин юкъаметтигаш партнерийн юкъаметтигех". "Эрна", - дерзийра шен къамел Лукашенкос. Минско кхиор ю"бIеннаш шерашкарлера" арахьара политика а, Китайца а, Малхбузенца а юкъаметтигаш а, элира цо.

  • Шен оппонентех лаьцна дуьйцуш, Лукашенкос элира, уьш юхаберза лууш бу, цо ма аллара "аьрха 90-чу шерашка", лаьттанна а, пачхьалкхан индустрина а "прихватизаци" а еш.
  • "Тхан Iалашо яц цхьанне а кхаьжнаш лечкъо", – элира Лукашекос, шен оппоненташа харжамашна фальсификаци ян мега бахарна жоп луш. "Мохк оха дIалур бац", - элира цо шен вистхилар дIадерзош.
  • Харжамаш хир бу Белорусехь Марсхьокху-беттан 9-хь, амма хIинцале а доладелла хенал хьалха кхажтасар. Лукашенко президентан харжамашкахь дакъалоцуш ву 6-чу ханна. Иза урхалла деш ву пачхьалкхана 1994-чу шарахь дуьйна.
  • Лукашенко воцург харжамашкахь дакъалоцуш ву кхин 4 кандидат. Оцу харжамашка оппозицин векалш ца битинчул тIаьхьа коьрта оппонент ю президентан вевзаш волчу блогеран Тихановский Сергейн хIусамнана Тихановская Светлана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG