ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвара цIабалийнарш "наркоманаш а, хулиганаш а бара" аьлла Кадыровн пресс-секретаро


Соьлж-ГIала
Соьлж-ГIала

Собарца, дуккха а деношкахь къахьегаро аьтто баьккхина наркотикаш марзъелла нохчийн кегийрхой Москвара цIа берзо аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретаро Вахидов Iилмана шен инстаграмерчу аккаунтехь пIераскандийнахь.

Цо бахарехь, Москва дIадахана бераш шайн дайн-нанойн бIаьргаш хьалхара а девлла, харцхьа а лелаш, наркотикех детталуш хилла. Цаьргара кхин а вониг далале, хулиганаш а, наркоманаш а цIа а балийна, уьш меттахIиттийча гIоле ду боху Вахидовс.

"Пхеа минотехь юьхьIаьржа латтар тоьла, набахтехь шераш дохучул а", - аьлла Кадыровн пресс-секретаро.

Иштта цо билгалдаьккхина, цхьа могIа хаамийн гIирсаша "ницкъбина, нахана хьалха сийсазбина" бохуш, ден дIахьедарш, Нохчийчуьра бахархой юкъахь болуш криминалан хаамаш хиларе сатийсинчу церан кхочуш ца хилла лааамаш бу аьлла.

Карладоккху, карарчу беттан 4-чохь Москвахь "наркотикан а, психотропан а препараташ лелорна" лецначу кегийрхошца къамелаш дира пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама а, чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана а, вице-премьеро Висмурадов Абузайда а. "Чечня Сегодня" меттигерчу хаамийн агенталло бира цунах лаьцна хаам.

Видео тIехь гойтуш бу, Москвахь а, Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахь а къепе йохийна кегийрхой (60 гергга стаг) Нохчийчу балийна, полисхошка а, муфтиятан векалшка а цаьрца профилактикан къамел дойтуш.

"Нохчийн гIиллакхаш цхьаьнга а дохадойтур дац" шаьш боху, видео тIехь бистхуьлучу хьаькамаша. Цара дIахьедарехь, низам ца лардийраш даймахка юха а балош, цаьрга кеп-кепара беза белхаш бойтур бу.

  • Кху шеран Зазадокху-баттахь хааме даьккхира, Москвара а, луларчу регионашкара а цIабалийначу кегийчу нахера бехкаш дахарх Делимхановс а, Алхановс а, Висмурадовс а, цара "наркотикаш лелийна, къаьркъанаш мийлина, къепе йохийна аьлла.
  • Куьршала кIоштарчу полицин декъан куьйгалхочо Агуев Рустама кхетош-кхиоран къамелаш дира изза бахьанашца лецна балийначу кегийрхошца.
  • Корта бахон молханаш лелийна аьлла, массарна а хьалха дIахIиттийна, жоп дийхира Хьалха-МартантIерачу бахархошкара а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG