ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоь коронавирусца доьзна кхайкхийначу бехкамех мукъайолуш ю 


Тахана ГIалгIайчохь болало коронавирусан карантинах нах мукъабоху кхоалгIа мур.

ХIинца дуьйна республикехь болх бан йиш ю массо а туьканийн, базарийн, алссам адамаш гуллучу кхечу меттигийн, боху мехкан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелин омрано. Бакъду, ресторанашкахь а, кафешкахь а адамаш хийша деза юкъахь 1,5 метр а юьтуш.

Цул сов, болало болх дешаран меттигийн а, музейн а, паркийн а, хьешан хIусамийн а, санаторийн а.

Амма къаной декхаребина изоляцин хьелаш лардан, ткъа массо а бахархошна тIехь ду адам алссам гуллуч у меттигашкахь масканашца лела.

  • Роспотребнадзоран хаамца, карарчу хенахь ГIалгIайчоьнан дарбан хIусамашкахь ву 174 стаг. Царех билггал коронавирус кхетта ларало 67-нна. Кхин а 215 стаг ву лоьраша уьнца доьзна тергалвеш. Берриг а махкахь пандеми йолаелчхьана схьа цомгуш хилла 3847 вахархо, велла 74.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG