ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уьнах 8 стаг велла, кхин а 432 цомгуш хилла Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса


Уьнна дуьхьалоечу Оьрсийчоьнан Оперативан штабо бечу хааца, Къилбаседа Кавказехь коронаривусах велла дийнахь-буса 8 вахархо, цомгуш хилла кхин а 432 стаг.

Дарбан х1усамашкарчу пациентех вирусах кхелхинарш бу Дагестанера а, Ставропол-махкара а кхоккха стаг, Краснодар-махкара – шиъ.

Пандемин лаьттачу юкъанна Кавказехь уьнах велла лору официало 1097 вахархо.

ТIаьххьарчу дийнахь-буса а, юхьанца схьа а цомгуш хилла нах:

  • Ставропол-мохк +130 (9829)​
  • Краснодар-мохк + 88 (9730)​
  • ГIалмакхойчоь +64 (3237)
  • Дагестан +56 (9917)​
  • ГIалгIайчоь +27 (3981)​
  • Адыгей +21 (3076)​
  • Краснодар-мохк +16 (6190)​
  • Кхарачой-Чергазийчоь +14 (4603)​
  • Къилбаседа ХIирийчоь +9 (4659)
  • ​Нохчийчоь +7 (2177)

Къилбаседа Кавказехь коронавирусах цомгуш хилла официалан терахьашца 57 013 стаг. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь - 912 823.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG