ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жимачу Iабдул-Маликан дарбанна оьшу $2,3 миллион гулдина бевлла нах


Цомгуш волчу Гачаев Iабдул-Маликна ахча лаьхьош ву волонтер
Цомгуш волчу Гачаев Iабдул-Маликна ахча лаьхьош ву волонтер

Итт бутт бара Нохчийчуьра а, цуьнан дозанал арахьара а волонтераш Шелан кIоштан Жимачу АтагIарчу Гачаев Iабдул-Маликах дуьнентIе волуш хьакхаъелла цамгар юхаяккха, цунна дарба дайта орцахбевлла хьийза.

Дилхан атрофи ю цхьа шо ахшо долчу кIентан. Ткъа деккъа цхьа дарба бен доцу и цамгар юхаяккха юьсу хан яц масех бутт бен. Ши шо кхачале дуьнентIера уггаре беза маха "Золгенсма" тоха беза Iабдул-Маликна – мах бу цуьнан 2 миллион 280 эзар доллар.

Нахера, дуьненан массо а маьIIера, ахча гулдеш, массех акци дIаяхьарал совнах, де-буьйса доцуш, дуккха а Нохчийчуьрчу, Оьрсийчоьнан мехкашкарчу, Европерчу гIаланийн урамашка, базаршка, туьканашна хьалха ахча чутосу гIутакхаш хIиттош, беранна гIо доьхуш лийлира волонтераш – шайн лаамехь арабевлла кегийнах а, мехкарий а.

Боккха пайда хилира акцешна социалан машанашкахула а – доза доцуш, къам ца лоьруш, жигара дакъалецира беранна ахча гулдеш Нохчийчуьрчу, Казахстанерчу, Германерчу, Францерчу, Бельгерчу, Чехерчу, Австрерчу, кхин а массех Европерчу жигархоша.

Тахана Iалашо кхаьчна чаккхене! Гулдина наха Гачаев Iабдул-Маликан дахар дIадахдан дегайовхо луш долу 160 миллион сом! КхидIа кIентан дена-нанна дуьсу Нохчийчуьрчу могашаллин министраллица цхьаьна, Москварчу лоьрашца зIе а латтош, Iабдул-Маликна Америкера дарба схьакхачаре ладегIа.

Волонтер
Волонтер

Шуьйрра яьржина лела акци тергоне ийцира хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Республикан фондо 55 миллион соьманна молханаш а, cадаIар аттачу доккху аппарат а ийцира Гачаев Iабдул-Маликна бIаьста. Дукха хан йоццуш Кадыровс махкарчу долахошка а, хьаькамашка а кхайкхам а бира, ахча гулдечохь дакъалацар доьхуш. Цо кхайкхам бинчул тIаьхьа акцехь дакъалецира, масала, транспортан, зIенан министра Черхигов Рамзана а, цуьнан доьзало а – цара делира Iабдул-Маликна сагIийна 1,5 миллион сом.

Акци беркате ерзарх баккхийбе Гачаев Iадбул-Маликан доьзал, да Iадбул-Керим а, нана Элиза а. Цара дийхира Маршо Радиога шайн цIарх ахчанца а, дегалазамца а шайна орцах мел бевллачу ерриг а Нохчийчуьрчу а, дозанал арахьарчу а нахе баркалла алар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG