ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зорбанера материалаш дIаяха бохуш, хьийзош ду шаьш аьлла, дIахьедина ГIалгIайчуьрчу блогерша


Магасера митинг, архивера сурт
Магасера митинг, архивера сурт

Интернетехь оппозиционер Абадиев Идрис вуьйцучуьра совца аьлла, цуьнан гергарчара тIеIаткъам бина шайна аьлла, дIахьедина ГIалгIайчуьрчу масех блогеро а, журналисто а. ГIалгIайчохь хиллачу митингийн протестхошна дуьхьал Абадиевс мукIарло динчул тIаьхьа, цара материалаш зорбане яьхча хилла ду иза. Журналисто Евлоева Изабеллас а, жигархочо Дзагиев Мустафас а дийцина цунах лаьцна Кавказ.Реалиига.

"Сан доьзалехула со сацон гIоьртинера АбадиевгIар, - дийцина Евлоевас. Абадиевн уллорчу гергарчу стага сан вешига телефон тоьхна хиллера, соьга зорбанера публикаци дIаяккха ала бохуш. Иштта суна хууш ду, адвокатца Ахильгов Калойца а уьш зIене боьвлла хилар".

Дзагиев Мустафа волчу цIа баьхкинера Абадиевн гергара нах.
"Сайн материалехь яс билгалдаьккхинера, цхьа могIа ГIалгIайчуьрчу юкъаралхойх сайн тешам байна хилар. Ас церан массеран а цIераш язйинера. Оцу нахах цхьаболучарна хеттера, массарна а хезаш цу кепара ас динчу дIахьедаро, шайн репутацина зен дина аьлла", - дийцина Дзагиевс.

Абадиевн гергарчаьрга шарIан кхеле бовлар хьехнера Дзагиевс, амма уьш цунна реза ца хилла.

ДIадахначу кIиранчохь социалан машанашкахь зорбане делира Абадиев Идриса гIалгIайн протестех аьлларг. Цо реза воцуш буьйцу лецнарш, ша царна тIетовш цахилар дIа а хьедеш. ТIаьхьо Абадиевс видеокхайкхам баржийра, ша и къамел дина дац, шеца куьзганаш цахиларна, деша а ца доьшуш, куьйг таIийнера ша бохуш. Иза бакъдира цуьнан адвокато а.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG