ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вайфонд": Соьлж-ГIалахь пхи стаг лачкъийна


Соьлж-ГIала, архивера сурт
Соьлж-ГIала, архивера сурт

Соьлж-ГIалахь махкара пхи вахархо вигина аьлла, хаамбина нохчийн бакъонашларъяран "Вайфонд" ассоциацис. Буьйцучарех цхьаъ Заурбеков Iусман ву, шолгIаниг цуьнан шича Заурбеков Абухьаьжа ву. Виъ стаг вайна кху беттан 17-чохь, Абухьаьжа де даьлча вигина.

"Iадат" интернет-ресурсо а бина цунах хаам шайн Телеграмерчу аккаунтехь.

Динах лаьцна интернетехь дитинчу йозанашна тIехула бигина хила тарло уьш, бакъонашларъярхойн хаамашца.

Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша тIе а ца чIагIдина уьш лецар, йа бакъ дац аьлла, дIа а ца тетттина, Кавказ.Реалиин корреспонденто хаьттича. Хаамийн гIирсашца юкъаметтиг латточу декъан куьйгалхочунна Дениев Мохьмадна тIехьовсийра министраллехь, амма цо дукхазза телефонаш еттарх, жоп ца делира.

Зазадокху-баттахь Соьлж-ГIалахь хан кхайкхийра байъинчул тIаьхьа Дагестанерчу бархI вахархочунна, цара полисхошна тIелатар динера аьлла.

Церан гергарчара дIахьедора, байъале хьалха лачкъийна бигина бара уьш бохуш.

Талламчийн версица, тIелеттарш байъинера, ткъа церан декъий даьгна хиллера машенашца цхьана.

Нохчийчохь бакъонаш хьешарх а, цигахь нах лечкъош хиларх а дийца даьккхира Дечкен-баттахь Европан Кхеташонан бакъонех хеттарш луьстучу Парламентан ассамблейн комитетехь Страсбургехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG