ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу финансийн министраллех а, онкодиспансерех а хьовсуш бу полисхой


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчуьрчу финансийн министраллехь а, онкологин диспансерехь а талламш бу дIахьош республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана чуйогIучу экономикан кхерамзаллан, коррупцина дуьхьало латточу урхаллан белхахоша. Белхан документаци дIалахьийна цара. Хоуьйтуш дац, стенца доьзна болийна талламан барамаш. Цхьана гIуллакхан гурашкахь хьовсуш бу шина а меттигах аьлла Кавказ.Реалиига пресс-секретаро Аушев Арсамака.

Ахчанаш диина аьлла, набахтехь даккха пхи шо тоьхначу, финансийн министр лаьттинчу Цечоев Русланах хьакхалуш дуй талламаш бар аьлла, хаьттича, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххой дуьхьал хилла жоп дала.

Маршо Радионо яздира, ГIалгIайчоьнан финансийн министр лаьттинчу Цечоев Русланна набахтехь даккха пхи шо хан кхайкхорах. Шен хьокъехь кхело сацам бовзуьйтучу процессе ца веана экс-министр федералан лехамашка веллера. 2015-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь финансийн министрана Цечоевна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх диллира, шена даржо лучу бакъонел а совваларна.

Талламчийн информацица, федералан субсидийн бюджетера хьажийначу ахчанах ши миллиард сом Цечоевс мехкан бюджетан дефицит токхуш дайинера.

Магасан кIоштан кхело экс-министр бехкехилар тIе а чIагIдеш, набахтехь даккха пхи шо хан тоьхнера цунна. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло лоьхучу нехан базе а ваьккхира, иза лохуш гIо динчунна миллион сом кхайкхош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG