ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрино дуьххьара "персона нон грата" кхайкхийна Оьрсийчоьнан дипломат


Оьрсийчоьнан дипломат "персона нон грата" хилар кхайкхийна дуьххьара Австрино. Оцунах лаьцна оршотан дийнахь, Марсхьокху-беттан 24-хь, яздина Kronen Zeitung газето.

Оьрсийчьонан дипломатан цIе йоккхуш яц. Хууш ду иза Австрера дIаваха везаш хилар Гезгмашин-беттан 1-ра де тIекхачале.

Австрин арахьарчу гIуллакхийн министраллана тIе а тевжаш, ТАСС агенталло хаам бо, дипломатан лелар догIуш дац дипломатин юкъаметтигашкахула Венерчу конвенцица.

Австрин Iедалша дийцарехь, Оьрсийчоьнан дипмиссин белхахо цхьана меттигерчу лаккхарчу технологин компанехь индустрин шпонаж лелош хилла цу дуккха а шерашкахь.

Kronen Zeitung-о билгалдоккху, хьалхо ша шпионаж лелорна къера хилла хилар Австрин махкахо. Шен куратор Оьрсийчоьнан дипломат вара, аьлла цо. Россиянин реза ца хилла тоьшаллаш дан, дипломатин иммунитетана тIе а тевжина.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло цкъачунна комментари ца йина хиллачунна.

XS
SM
MD
LG