ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦIий Iаьнна ГIалгIайчохь: герзан а, уьрсан а чевнаш хилла иссанна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайн Солж гIалахь, алссам наха дакъа а лоцуш, герзаш а детташ, иккхинчу девнехь лазийна 9 стаг. Дов иккхина ХациевгIеранний, ФерзаулигIеранний доьзалшна юкъахь. Къевсинарг ду кIоштан декъайогIучу ГIажарий-Юьртарчу администрацера дарж. Юкъаметтигаш шина доьзало хьалхо йолийна хилла къесто.

Шинарин дийне баьллачу къовсамехь дакъалаьцна уьрсашна а, герзашна а тIебевллачу наха. Кеп-кепара чевнаш хилла щина а агIонна: Ферзаули доьзалера лазийна Iаьрби, Iаьлви, Ренат, Салман, ХациевгIарех чевнаш хилла ву Iумар, Руслан, Ризван, Ахьъяд, иштта Альтемиров Вахита а.

Лазийнарш Шолжерчу кIоштан дарбан цIийне дIакхехьа болийча, цига дIахьалхина шина а агIонера гергарнаш. РогIера летарш хIиттийна цара цигахь. Лазийна кхин а кхо довхо.

"Лиэта нах 200-не а кхочур бара, ткъа уьш совцо бацара ницкъ, тIекхаьчначу полисхойн дийзира Росгварди яло. ХIинца Iедалан ницкъаша ларъеш ю дарбан хIусам", - дийцира Кавказ.Реалиига ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу хьостанаша.

Дов долийнарш билгалбохуш ю полици.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG