ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнера коронавирусан вакцина оьцур ю Казахстано


Оьрсийчоьно кхоьллина коронавирусан "Спутник V" вакцина шайн пачхьалкханна эца сацамбина Москва веъначу Казахстанан премьер-министра Скляр Романа, боху Казахстанан министрийн кабинетан сайто.

"Зийна яьллачул тIаьхьа "Спутник V" вакцина кхачо бертбина Оьрсийчоьнан инвестицийн фондо а, Казахстанерчу "СК-Фармация" компанино а. Казахстанна оьшшучул вакцина кечъян кийча ю Гамалеин цIарах йолу эпидемиологин а, микробиологин а талламан центр", – боху хаамехь.

Билгалдаьккхина, "вакцина массо а кепара теллина яьлча", маьхза тухур ю Казахстанерчу лаамхошна, аьлла.

"ДуьнентIехь уггаре хьалха арахецна вакцина" Оьрсийчоьно къобалъярх лаьцна дIахьедира кху беттан II-чу дийнахь президента Путин Владимира. Иза кечйийриг ю Гамалеин цIарах йолу эпидемиологин а, микробиологин а талламан центр а, Зеленоградера "Биннофарм" компани а.

Гамалеин центран директора Гинцбург Александра бахарехь, вакцина юкъайоккхур ю 202I-чу шеран хьалхарчу дийнахь, оццу хенахь болор бу иза зеран кхоалгIа мур а.

Оьрсийчоьнан вакцина чекх ца яьлла клиникан шина муьрах бен, ткъа Дуьненаюкъарчу могашаллин цхьаьнакхетаралло ца магайо иза лело зерийн кхаа муьрах чекхъяьккхича бен.

Эксперташа дийцарехь, уггаре беха мур бу кхоалгIаниг. Оцу муьрехь, тергалдеш долчу адамашна вакцина а тухий, лоьраша уьш коронавирусах цомгуш хиллалц тергалдо, цара коронавирус муха лов хьовсуш. Ткъа оцу зерех чекхъяьлла йоцчу вакцинах хуьлийла дац тоам боллуш тешам, аьлла, масала, Оьрсийчоьнан Iилманийн академин лаккхарчу говзанчас Базыкин Георгийс.

Оьрсийчоьнан вице-премьера Голикова Татьянас динчу дIахьедарца а догIуш, кху деношкахь керла вакцина зуьйр ю и зераш шайна тIехь дайта резахиллачу лоьрашна тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG