ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогIерчу президентан харжамашкахь дарж къовса реза хилла Трамп


Трамп Доналда официалехь реза хилла Республикан Партин цIарх Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан дарж къовса. Оцу хьокъехь дIахьедина цо еарин дийнахь, Республикан партин гулам берзош ша динчу къамелехь.

Трампа кхаа декъехь дира шен къамел: президентан администрацино баьхначу баккхий кхиамех лаьцна а, Американ хиндолчун хьокъехь а, Демократин партин кандидата Байден Джос пачхьалкханна бохьучу кхерамех лаьцна а. Цо дош делира, Китайно, цуьнан дешнашца аьлча, шега сацалушшехь ца сацийначу вирусна тIехь толам баьккхинчул тIаьхьа Америка "лаккхарчу толамашка" кхачо. Иштта цо бохура, герггарчу хенахь коронавирусна дуьхьал вакцина арайоккхур ю пачхьалкхо.

Шеца дарж къовса кечлуш волчу Байденах лаьцна дуьйцуш, Трампа элира, иза шен харжамхой Iехош ваьхна ша политикехь доккхучу 47 шарахь. Байден толахь, Америка Китайн долайоьрзур ю, бохура Трампа.

Трампа шен къамел дечу муьрехь Байден Джос массийтта твит арахецна. "Обамах-Байденах йисина, дика кхуьуш хилла экономика кхаьчна Трампан кара иза дарже веъча. Цуьнан дерриг хьал а ду цунна кхечаьргара кхаьчна, иштта мехкан экономика а. Трампа ша тIеман заманара президент ву боху. Ткъа коронавирусца къийсалучу метта, иза кIайн байракх лестош хьийза", - яздина Демократин партерчу кандидата Байдена.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG