Т1ьаххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 7 пациент, 502 цомгуш хилла, Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хамца.
Белларш бу Ставропол-махкара кхо дархо, Краснодар-махкара – шиъ, Дагестанера, ГIалмакхойчуьра – цхьацца. 1168 вахархо велла Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана схьа.
Дийнахь буса а, ерриг а хенахь цомгуш хиллачийн терахьаш иштта ду:
- Ставропол-мохк +124 (11 730)
- Краснодар-мохк + 90 (11 031)
- ГIалмакхойчоь +73 (4054)
- Дагестан +70 (10 858)
- Кхарачой-Чергазийчоь +45 (5021)
- ГIалгIайчоь +32 (4338)
- ГIебарта-Балкхаройчоь +24 (6463)
- Къилбаседа ХIирийчоь +20 (4880)
- Адыгей +19 (3346)
- Нохчийчоь +5 (2258)
Официалехь Къилбаседа Кавказехь цомгуш хилла лору 63 590 стаг. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь - 985 346.
- Федералан статистика ца йогIу меттигашкарчу терахьашца. Даржхоша цуьнан бахьана дузу пачхьалкхан коьртачу урхаллашкахь а, меттигашкахь а статистика лелоран кепаш тайп-тайпана хиларца.
-