ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхинвалехь протестан гулам а лаьтташ, министрийн кабинет дIасахецна президента Бибиловс


Ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Къилба ХIирийчоьнан президент Бибилов Анатолий
Ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Къилба ХIирийчоьнан президент Бибилов Анатолий

Ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Къилба ХIирийчохь мехкан куьйгалхой кхеташоне гулбелла, ткъа Цхинвалехь протестан гулам лаьтта оцу юкъанна.

"Эхо Кавказа" проекто бечу хаамца, мехкан президента Бибилов Анатолийс дIасахецна Къилба ХIирийчоьнан министрийн кабинет.

Къилба ХIирийчоьнан информацин "Рес" агенталло бахарехь, Iедалан куьйгалхочо Пухаев Эрика бина сацам бу министраш балхах мукъабахар. Махкахошца вистхуьлуш цо аьлла: "Иштта бу сан сацам. Ас ойла йина, суна иза нийса а хета".

Цхинвалехь 400 гергга вахархо ву протестан гуламехь лаьтташ. Цуьнан бахьана ду изоляторехь 28 шо долу вахархо Джабиев Инал валар. Иза лецира деношкахь мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министрна Наниев Игорна кIелояр толлуш. Ша Наниев даржера вохийна, дуьхьал бехктакхам а боккхуш.

Гуламхошца къамел дан хIоьттира Бибилов Анатолий, амма цуьнга ла ца доьгIна наха. Бетташ "Дарж дита! " маьхьарий а болуш, дIавахана иза гуламера. Протестхоша декхарево президент а, премьер-министр а даржаш охьадахка.

Текстехь ю ша-шех пачхьалкхаш кхайкхийначу Къилба Х Iирийчохь а, Абхазехь а лела топонимаш а, терминаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG