ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан пхеа регионера даIишна ахчанаш латтийнарш лецна ФСБ-но


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша (ФСБ) пачхьалкхан пхеа регионера "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан бенан декъашхой лецна, цара даIишхошна ахчанашца гIо латтийна аьлла. Карабаьхкиначарех ялханна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даьхна, террорхойн аьтто бина аьлла.

"ФСБ-но, Талламан комитетца а, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллаца а, Росфинмониторингца а, Росгвардица а юкъахь операци дIаяьхьира, Москвахь а, Москван кIоштахь а, Дагестанехь а, Красноярскан махкахь а, Ханты-Мансийн автономин гонашкахь а ахчанаш гулдеш, "Исламан пачхьалкх" шайх олучу тобанхойн хьашташна дIахьежийнарш лоьцуш", - аьлла, хамбина ТАСС агенталле ФСБ-н юкъараллашца зIенаш латточу центро.

Карарчу беттан 24-чохь ФСБ-но дIахьедира, Татарстанехь даIишхойн агIонча лацарх. Террорхошна ахчанаш а латтош, церан могIарш дузуш хиллера цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG