ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьаькамийн а, Талламан комитетан куьйгалхочун а, инарла прокуроран а алапаш 3% алсамдаьхна Путина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIадужу-беттан 1-чу дийнера схьа дуьйна 3 процентна тIекхетар ду Оьрсийчуьрчу пачхьалкхан белхахойн алапаш. 2019-чу шарахь хиллачу инфляцин официалан тIегIа ю иза. Президенто Путин Владимира куьйгъяздина оцу кепара документ зорбане даьккхина бакъонан информацин порталехь.

Цул совнах, къастийначу сацамашца 3 % алапаш алсамдаьхна, Свобода редакцин тидамца, Оьрсийчоьнан инарла прокуроран а, Талламан комитетан куьйгалхочун а.

2015-чу шарахь Путин Владимира кризисца доьзна 10 процентна дIахедийра пачхьалкхарчу лаккхарчу даржашкахь болчу хьаькамийн алапаш. 2017-чу шарахь Талламан комитетан куьйгалхочун а, инарла прокуроран а алапаш 4 процент лакхадехира, ткъа 2019-чу шеран ГIадужу-баттахь кхин а 4,3 процентана тIетуьйхира белхан алапаш. ХIеттахь совдаькхкира президентан а, премьер-министран а алапаш а.

Оьрсийчоьнан президентан стохка 9 миллион 720 эзар сом пайда хилла. Ткъа премьер-министро Мишустин Михаила 18 миллион сов сом даьккхина.

Пачхьалкхан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра дебийна шен хьал 12 миллион ах миллин соьмана. Инарла прокуроро Краснов Игора даьккхина пхи миллион гергга сом. Иштта ду официалан декларацеш тIехь Iорадаьхна терахьаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG