ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь белхазалла 22 проценте кхиъна. Пандемино тIеIаткъам барца дузу хьал Iедалхоша


Нохчийчохь белхазалла 22 проценте яьлла. Меттигерчу Iедалхоша дIахьедарехь, пандемино махкарчу ситуацина бина тIеIаткъам бу иза. Нохчийчуьрчу къинхьегаман министралло дIахьедарца, "экономикана Iаламат чIогIа негативе йирзина" пандеми, яздо "Чечня Сегодня" агенталло.

Оцу юкъанна, Оьрсийчоьнан федералан бюджетера Нохчийчоьнна гIоьнна кхаьчна компенсаци коронавирусо динчу зенел а сов ду - 1272 процент.

80 процент бюджет федералан дотацех лаьттачу республикана ах миллиард соьмана зен хиллера аьлла, гIоьнна 6 миллиард сом делла, - хиллачу зенел а 12-зза алсам пайда бу иза.

  • Кху шеран Марсхьокху-беттан зерашца, Нохчийчохь цхьана белхан меттиге кхача хьаьгна ву 72, 3 стаг. Ткъа иза йоллу Оьрсийчохь а ледара гайтам бу.
  • Оьрсийчоьнан къинхьегаман министро Котяков Антона дIахьедира, Оьрсийчоьнан мехкашлахь къаьсттина ледара хьал хир ду белхазаллица доьзна Тывахь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG