ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь: "ШолгIачу тIамехь" доьза байнарш (видео)


Европан адамийн бакъонашкахула йолу кхел, Страсбург, Франци
Европан адамийн бакъонашкахула йолу кхел, Страсбург, Франци

"Бакъонийн жигаралла" ("Правовая инициатива") проекто довзийтина Нохчийчуьрчу "шолгIачу тIамехь" байначу нахах лаьцна ша бинчу талламан жамIаш.

330 стагах лаьцна информаци ю документехь. Цхьаболу хаамаш проекте белла гергарчара, кхиберш схьаэцна Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан базера.

"Бакъонийн жигаралла" проектан директора Коган Ванессас дийцарехь, Европан кхелехь толам баьккхинчу наха сатуьйсу кхидIа шайга шайн байначех йолу информаци кхачаре.

"Халахеташ делахь а, тхуна аьтто хила беза аьлла хеталуш долу гIуллакхаш а дуьсу цхьа а тIаьхьало йоцуш. Хенан йохалла оха кхетийнарг цхьаъ ду: байначех йолу информаци яла лаам хила беза политикашкахь, иза бац цкъачунна", - боху Когана.

1999 – 2009-чу шерашкахь Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхор жигара лелла болам бу, массо а харцонел шуьйра лелла нах доьза бар, билгалдоккху бакъоларъярхоша.

394 стаг варца доьзна Европан кхело бинчу 232 сацаман тергоеш, юридикан накъосталла латтадо "Бакъонийн жигаралло" карарчу хенахь 1102 стаганна. Оцу нахах 168 стага жоп делла проектан белхахоша динчу хаттарна – Европан кхелан сацамех лаьцна дара иза. Оццул наха хаийтина шаьш Европан кхелан сацамна резахилар а, шайна оцу сацамаша къастийна ахча Оьрсийчоьно дIаделла хилар а.

  • Хьалхо Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоь декхарейира ницкъхоша доьза вайъинчу 9 нохчочун гергарчарна 920 эзар евро дала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG