Евлоева Изабелла
2020-чу шеран Чиллан-баттахь дерриг а хийцаделира ГIалгIайчуьрчу Ведзижев Юнусан доьзалехь. Кхераме доцу герз духку туьканаш долахь йолчу цуьнан, юкъараллин жигархочун, Эккажкъоьнгий-Юьртарчу хIусамна гобира ницкъхоша.
Ведзижевс дийцарехь, герз детта долийна цунна, масех чов йина, амма ведда, кIелхьарвала аьтто баьлла. Оцу юкъанна ницкъхоша теллина цIуьнан цIа, лачкъийна чуьра хIуманаш, изза хьал хIоттийна луларчу Пхьилекъонгий-Юьртахь йолчу цуьнан герзан туьканахь а. Цо ша бахарехь, бегаше доцу, лелон дихкина герз а кхоьссина цунна буха.
Дуккха а кхеташ йоцу агIонаш ю оцу хиламца: Оьрсийчуьрчу агенталлаша цу сахьта вина цунах тIемало, ткъа ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бакъ ца дина полисхой цуьнан цIийнах хьаьвсина бохург.
Цхьа шо ахшо даьлла цул тIаьхьа. Шен доьзал оцу хена чохь гина а вац иза – къайлаваьлла веха.
Кавказ.Реалиина ша еллачу интервьюхь цо дийцира хIетахь шен цIахь лелларг, ша муха къайлавелира, йина ялх чов а йолуш.
"Букъ тIехьашхула автомат йиттира суна"
- Юнус, хIун дара оцу Чиллан-беттан Iуьйранна хилларг?
- Оцу беттан 14-чохь Эккажкъоьнгий-Юртахь дара иза. ГIаранах самаваьлла, видеоханан монитор чу хьаьжира со, герзашца нах бара сан керта тIехула лелхаш. Сихха духар тIе а доьхна, корах арахьаьжира со. Сан IиндагI гинчу цара герзаш детта долийра цIенна тIе. Со вен баьхкина уьш, кхийтира со.
Вехь а, чохь вуьйр вац-кх, аьлла, араиккхира со. Хууш ду, стаг вийча, цунах террорист а вой, чохь оьккху коьчал яра, олий, цIенош лоьлхуьйтуш хуьлий. Чуьра хIуманаш хIаллак ца яйта, араиккхинера со.
ЦIенна бухарчу ларми чухула а ваьлла, сайн беша вахара со, лулахойн керташкахула дIаведира, ураме велира. Букъ тIехьашхула автомат йиттира суна. Шиъ вара герз суна тIедассош – цхьа чов аьтту агIонах йира, цхьаъ – куьйгах, ший а даьндарг дегIах чекхъяьлла, дIаяхара.
Арахь нах бара дуккха а. Герз ца сацадора деттачуьра. Цхьана нехан диллина лаьттачу кевна чуиккхира со. Оцу кертара кхечу керта иккхира – цигахь кхин а кхо стаг вара автоматаш етташ.
Суо дийна къелхьарвер ву ца моьттура суна. Со пенах а летта Iара, уллехула чекхъюьйлура даьндаргаш, дегIах ца кхеташ, тIерачу духарх юьйлура цхьаерш. Ас ши-кхо гIулч яьккхира – цигахь еса аре яра, со ведира.
- Йина чевнаш а йолуш, муха аьтто белира хьан къайлавала?
- Со Эккажкъоьнгий-Юьртара Пхьилекъонгий-Юьрта кхечира цхьацца гIоьнца. Цигахь вешин кертара машен схьа а эцна, луларчу юьрта аптеке вахара, киса ийцира чевнаш ехка, цхьа молха а ийцира, алссам машенаш лаьттачу супермаркетна хьалха дIахIоттийра ас машен – есачу меттехь со карор вара лоьхучарна. Оцу муьрехь сан стуннана хилларг йолучохь, сан берашца цхьаьна соьгахь хилла зуда ехачу хIусамах хьовсуш бара со вен гIертарш.
Машена чохь а Iаш, сайн чевнаш йихкира ас. Сарралц юьртахула хехкавелира, геннара дIа сайн цIийнах хьуьйсурш а ларбеш. И нах дIабахаре сатуьйсура ас, хаа лаьара хилларг хIун ду. Сарахь, со цхьана урамехула воьдуш, сан машена тIехьа хIоьттира "Приора", уьш сайна тIаьхьалелаш буйла кхийтира со. Цара, некъ а хадош, аралилхина, герзаш детта долийра суна тIе.
Аьрру когах чекхъелира даьндарг, голел лахахь. ШолгIаниг – оццу когах хьакхалуш дIаяхара, чкъор бен ца лазош. КхоалгIаниг вукху когах кхийтира, йоьалгIаниг коьртан чкъурах хьакхаелла, дIаяхара. Ас коьртах куьг хьаькхна, теллира, корта дийна бара, чкъор бен дацара цестина.
Оцу кIуркIаманера а велира со. Деттачу герзанна юьстах вара. Машен а йитина, киса а, молха а эцна, нехан бошмашкахула дIавахара со. Арахь Iаьржа яра, лачкъа атта дара.
- Ткъа чевнаш?
- Чевнаш юьхьанца чIогIа ца хаало. Тхьузйоьллачуьра межеш меттаяхка юьйлаелира лазийна цхьа сахьт даьлча. Чохь даьндарг йисина ког бара чIогIа лозуш, бистина. Молха а хьаькхна, йихкира ас чевнаш.
ХIун оьшура ницкъхошна?
- Хьайна тIе герзаш деттарш гирий хьуна, бевзирий?
- Гира, бевзира, уьш хьехочохь дац цкъачунна.
- Уьш хьайн хIусаме стенна баьхкина аьлла хийтира хьуна?
- Юьхьанца суна моьттира, уьш ас митингехь дакъалацарна баьхкина – жигархой дIалехьош, лоьцуш бара оцу деношкахь. Ткъа сайна тIе, со гушшехь, герз детта долийча, уьш со вен баьхкинийла кхийтира со, рогIера гIалгIа вен бохкура уьш.
Гулам бахьанехь со лаца баьхкина уьш хилча а гIур вацара со церан кара: гуш ма ду суна цара вайн жигархой бехк а боцуш лоьцуш. Дукха бу лецна, тIехь гIело йинарш, байъинарш, доцчу бахьанашца набахте хьийсийнарш.
- Нохчийчоьнан, ГIалгIайчоьнан доза къастош бинчу сацамна реза цахиллачара стохка бIаьста хIоттийна гулам бу буьйцург. Иза бахьанехь 44 стаг озийна жоьпе.
- Ткъа стенна баьхкина и герзахой хьо волчу, хьуна муха хета?
- ХIинца сурт къаьсташ ду. Гарехь, ГIалгIайчохь рогIера "леррина операци толамца дIаяхьа" баьхкина хилла, оцу юкъанна нехан бахам а лачкъош. Ала дашна, Нохчийчохь леллийннарг ду иза: фашисташ санна, нехан хьал лечкъош, шайга дIа мел яхьалург дIахьош.
Цхьаъ делахь, керта бовллушехь герзаш детта долор, шолгIа делахь, сан туькан чу оьккху коьчалш яхкар – гранаташ, хIоьънаш, кхиерг. Яцара сан туьканахь кхераме хIумма а. И йоллу коьчалш сан докъанна уллехь Iахка езаш яра церан Iалашонехь. Со шайга вен ца велча, кхийсина цара сан туькан чу и бехке хIуманаш. Шаьш йоккхачу гIалахь, наханна юккъехь герзаш кхийсар низаман хорша доккху кеп хIоттош дина иза. Амма цара сихаллехь дуккха а гIалаташ дийлийтина шайгара со лоцуш а, вен гIерташ а, и гIалаташ ган йиш йолуш а ду, царна дуьхьал девр долуш а ду кестта.
- ХIун гIалаташ?
- Сихо ца ер вай. Хан йогIур ю ас уьш довзуьйтуш.
"Со зуламан декъахь хилар тIечIагIдан дац цхьа а тоьшалла"
- Хьуна хетарехь, ГIалгIайчохь хьо цхьаъ вац-кх иштта хьийзош?
- Со дуьххьара а вац, тIаьххьара вац кху хьоле кхачийна. Сайга далург дийр ду ас тIаьххьарниг хилархьама. Аьтто балахь. Цара ма-аллара, "къу набахти чохь хила веза". Веза, иза стенггахь а болх беш велахь а, мел доккхачу даржехь велахь а.
- Хьуна стенна оьшу иза? Кхераме дац?
- Цара дуккха а зуламаш дина. Низам ца лоьру цара, иштачу наха пачхьалкх юьхьIаьржахIиттор харцо ю. Дукха бу вайн дика, хьекъале, цIена нах, уьш хила беза церан метта балхахь. Вайх хIора а зуламхойх кхоьруш хилча, махкахь нийсо цкъа а хIуттур яц.
Ас зулам динехь, соьца низамехь къасто деза дерриг а. Ас цхьа а низам ца дохийна, сан болх Iедална гуш а, бевзаш а бара, ас дуккха а ял лора цунна сайн балха тIера. Со зуламхо хилар гойтуш, цхьа а тоьшалла дац гайтина хIинца а. Буха герзаш дахкар – иза церан болх бу, иза массарна а хаьа.
- Хьайн доьзалца къамел хуьлий хьан? Цунна сагатдой ахь?
- Сайна герзаш деттачу оцу дийнахь телефон туьйхира ас, гергарчийн цIийнах хьовсучу сахьташкахь, цул тIаьхьа кхин хилла яц зIе.
***
Ведзижевн цIийннана Хорава Мариам кхеле яьлла 5-чу каналца а, РЕН-ТВ-ца: цхьа а тоьшалла а доцуш, ГIалгIайчохь зуламаш дина тIемало ву бехира цуьнан майрачух оцу телеканалаша. Материалаш интернетера дIа а йохуьйтуш, бехк тIеэцийта гIерта цаьрга Хорава.
Ши бутт хьалха Ведзижевс видео хIоттийна социалан машанашка, экстремизмаца къийсалучу “Э” центро шен хIусамера видеорегистраторш чуьра материалаш дIаяьхьина, цара гойтуш дара бакъдерг, ша герзаш ца диттина полисхошна, шайгара даьлла зулам хьулдан гIерта оцу хьукматан белхахой, аьлла. Шен туька хьош, полисхошна ца хиина оцу чохь а юйла видеорегистраторш – цигара тоьшалла шегахь ду, боху Iедалх къайлаваьлла вехачо.