ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь нохчо верах гIуллакх кхело маца листа долор ду къаьстина


 Хангошвили Зеламха
Хангошвили Зеламха

ГIадужу-беттан 7-чохь Берлинерчу кхело довхаттар долор ду вийначу Нохчийчуьрчу тIеман тобанчийн хиллачу баьччан Хангошвили Зеламханан хьокъехь. Deutsche Welle хаамийн гIирсо бина и хаам кхелан векална тIетевжина. Бехкевийриг ву 55 шо долу Оьрсийчоьнан вахархо.

Стохка Марсхьокху-беттан 23-чохь герз тоьхна вийра Хангошвили. Полисхоша лецира зулам дина хила тарлуш йолчу шеконашца Оьрсийчоьнан вахархо. Цуьнан цIе немцойн Iедалхоша йоккхуш яц, делахь а, журналистийн хаамашца, Красиков Вадим ву иза.

Оьрсийчоьнан Iедалхоша тIе ца дуьту, Хангошвилина динчу тIелатарна шаьш бехкехилар. "Бандитийн къестамашкахь" нисделла цуьнан валар, аьллера президента Путин Владимира.

Карарчу хенахь Германино толлуш ду Хангошвили вер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG