ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальный Алексейна "Новичок" олу дIовш даларна шаьш оьгIаздахарх хаийтина Америко


КIайчу цIийно шайн эргIадалла дIайовзийтина, Оьрсийчоьнан оппозицин лидерна Навальный Алексейна тIеман химин "Новичок" дIовшца тIелатар дарна. Къоман кхерамзаллан Кхеташоно карладаьккхина, Оьрсийчоьно яхначу хенахь а "Новичок" лелийна хилар. Иштта дIахьедина, Цхьаьнатоьхначу Штаташа "Оьрсийчуьра бехкенаш жоьпе хIитторхьама, шайн агIончашца а, дуьненан юкъараллаца а цхьана болх бийриг хиларх".

Навальныйна дIовш луш, "Новичоках" пайдаэцна аьлла, Германин Iедалхоша динчу жамIех ца теша Американ цхьа а бахьана дац аьлла кхаарин дийнахь Американ лаккхарчу даржхошларчу хьостано. "Новичоках" пайдаэцаро гойту, шена кхераме болчу а, ша дарвечу а нахана дуьхьал Путин муьлхха а "кIоршаме" гIуллакхаш лелон кийча вуйла аьлла, билгалдаьккхина цо.

Демократин партин цIарах президентан харжамашкахь дакъалаца леринчу Байден Джона а бехк биллина Кремлна, Навальныйна дIовш даларна. Ишта цо емалвина Американ президент Трамп Дональд оцу хьокъехь вист ца хиларна.

ТIеман "Новичок" олучу химин дIовшан лараш карийна Бундесверан лабараторин говзанчашна Навальный Алексейн организмехь. Германин Iедалхойн сайта тIехь бира цунах лаьцна хаам кхарин дийнахь.

Ситуаци йийцарейина Германин федералан канцлеро Меркель Ангелас а, арахьарчу гIуллакхийн а, юстицин а, финансийн а, чоьхьарчу гIуллакхийн а министраша а. ДIовш карийна хиларх информаци дIакхачор ю химин герз дихкинчу Организацига а, Евроберте а, НАТО а.

Германин арахьарчу гIуллакхийн министралло Оьрсийчоьнан посол кхойкхур ву шаьш долчу. Оьрсийчоьнан Iедалхошка кхайкхамбина Германино, хиллачунна тIаьхьакхиаде шаьш аьлла. Навальныйна дина тIелатар "Iаламат шога" емалдина цара.

  • Оьрсийчоьнан оппозицин лидер, коррупцица къийсам латточу Фондан куьйгалхо Навальный Алексей кхетамчуьра ваьллера Томскера Москва доьдучу кемана тIехь байначу беттан 20-чохь. Оцу бахьанаца лайнер охьадоссийра Омскехь. Чолхечу хьолехь волу Навальный меттигерчу дарбан цIийне вигира, дарба эвсаре хилийтархьама лоьраша ханна тиларчуьра ваьккхира иза.
  • Ши дей, буьйсий даьллачул тIаьхьа Оьрсийчуьрчу лоьраша дIахьедира, юучуьнца цатам хилла аьлла, амма цунна дIовш делла бохучу Навальный агIончийн верси, тIе а ца йитинера.
  • Марсхьокху-беттан 22-чу дийнахь, политикан хIусамненан а, белхан накъостийн а дехаршца Берлинерчу "Шарите" олучу клинике дIавигира иза дарба дан. Цунах хьоьвсинчул тIаьхьа немцойн лоьраша дIакхайкхийра, оппозиционеран организмехь холинэстеразан ингибаторан группера токсин хааелла шайна аьлла. Цу юкъа йогIуш ю, доккхачу декъанна, "Новичок" олу, 2018-чу шарахь Солсберехь Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана Юлина а делла дIовш.
  • Карарчу хенахь Навальный комехь ву, ткъа лоьраша цуьнан могашалла нислур ю аьлла, кхин дIоггара луш информаци яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG