ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тутмакхийн элий", "урканийн цхьаалла". Йохаялур юй пачхьалкхе криминалан юкъараллаш?


Дагестанан Лакхарчу кхело луьстуш ши дов ду криминалан авторитеташна дуьхьал. Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексе "тутмакхийн эланех" долу зулам яздина стохка Охан-баттахь.

"Тутмакхийн элий" Абдулхаликов Зияуддин (Зява Махачкалинский) а, Магомедов Шемал (Смолянский) а лецира 2019 шеран Гезгмашин-баттахь. Уьш бехкебо лаццале бутт хьалха Дербентан кIоштахь тутмакхийн авторитетийн кхеташо гулъярна. Оцу кхеташонехь хаьржира криминалитетан "гIиллакхашна" тIехьожург ("смотрящий").

Талламо бахарехь, шегара статус Абдулхаликовга кхаьчна 1990 шарахь Москвахь Дада Хьасанера - 2013 шарахь вийна волу криминалитетан баьччера Усоян Асланера.

Зява Махачкалинскийн а, Шемал Смолянскийн а девнаш къастийна толлуш ду. Бехк тIе ца эцна цхьаммо а.

Кхел йоьдуш Абдулхаликовн адвоката Мудунов Константина хаттар дира ша агIолаьцначуьнга, муха аьтто баьлла цуьнан 30 шарахь криминалан юкъараллах жоп а луш, низамхойх а Iалашлуш ваха, аьлла. Ша хаттар эрна делла доцийла хоуьйтуш, адвоката йовзийтира Дагестанерчу "тутмакхийн элийн" а, полицин а къайле: Абдулхаликовс а, Магомедовс а, полисхошна гIодеш, шайггара "тIехьожург" юкъахецна наркотикаш юхкучу гоне. Оцу шимма хаийтина зуламхойн мазанашца къийсам латточу полицин декъан белхахочунна, наркоманийн гонна "тхов латтош" полицера кхин цхьа тоба юйла, дийцира адвоката Мудуновс.

"Гарехь, цхьанна ца тайна "тхов латтош" болу полисхой Iорабахар, цундела озийна ши "авторитет" кхеле, тешна ву адвокат.

Кавказ.Реалица къамел деш, Мудуновс элира, низам тергалдан тIехIиттийначу урхаллашна ца лаьа нароктикашна дуьхьал къийсам латто, цундела цара чувоьллина ши "авторитет", аьлла: "И зулам стенна ца эшадо, шуна хетарехь? Ца лаьа коьртеранаш хьабан, цундела лоьцу кегий чIерий. Цундела лелайо "наркотикашца къийсам латторан" моттаргIанаш, ткъа ма-дарра аьлча, ца хьабо бехкенаш".

Цунна гарехь, "тутмакхийн эланех" долу низам Бехктакхаман кодексе даьккхина цхьаьннан лаам кхочушбеш, амма зуламаш Iорадаха декхарейолчу урхаллашна "ца хаьа шаьш хIинца хIун дан деза".

Абдухаликовна дуьхьал талламо вовшахтоьхначу матриалашкахь дукха ю ледара кечйина меттигаш, боху адвоката. Масала, кхеташ дац хIун зулам дина цо, хIун ду "тутмакхийн иерархи" бохург, я хIун ду "тутмакхийн ламасташ" бохург.

Мудуновна хетарехь, пачхьалкхо яхначу заманца бо шен тIом, хьалха хилла "тутмакхийн элий" бац тахана, хийцаделла церан ламасташ: "Советан заманахь, оцу замане хьажжина лелла тутмакхаш – церан ламасташ оцу заманерчу политикан куьзга дара. ХIинца дац и Iедал, таханлерачу Iедалан цхьа а идеологи яц. Сенханлерчу хьелашца къуьйсу цо, таханлера хьал хьул а деш. Иза ду кхерамениг. Хьалха ламасташ цхьана гурахь лелара, оцо аьтто бора низам лардечу урхаллашна шайн болх дика дIакхехьа, ткъа хIинца криминал йоьлла Iедалх а, низамхойх а. Иза вайна ша тевизоро а гойту. Хьал ишта а долуш, муха эшалур ю цаьрга криминал? "

"Тутмакхийн элех" долу зулам кодексе даккхар а, "Урканийн Цхьаалла" болам экстремистийн могIара язбар а нисделла дукха хан йоццуш. Иза зуламаллица пачхьалкхо латточу къийсаман хорша хиина. Иштта бу кхечу адвокатан, Квасов Сергейн, хьажам. Бехктакхаман кодексе яздина низам буьйда го цунна, я иза оьшу аьлла а ца хета.

"Цигахь зуламхоша кхоьллинчу машанах лаьцна ду. Мохьмада Ахьмадан телефон лачкъорах лаьцна дац. Пачхьалкх криминалитетан юкъараллашца къийсало, иза нийса ду, амма хIинца кхечу кепехь го и болх. Суна гарехь, низамаш кхин а шога хир ду цаьрца латточу къийсамехь", - элира адвоката.

Довзийтар: Оьрсийчохь АУЕ ("Арестантское уркаганское единство" – я "Арестантский уклад един" олу болам экстремизмалле язбина Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан сацамца. Кхело бечу къастамо бахарехь, "структураш а йолуш, шена тIехь деш урхалла а долуш кегийрхойн болам" бу АУЕ.

Квасов ша а ву низам чIагIдарехьа, "тутмакхийн иерархи" экстремистийн могIара яккхарехьа, элира. Цунна гарехь, Дагестанна сов йоккха проблема а яц юьйцург, Оьрсийчоьнан кхечу регионашца дуьстича, масала, кегийрхой низаме бало ехкина колонеш алссам йолчу Сибрехахь санна.

Адвоката Магомедов Шемала, "гIурт" бу элира "тутмакхийн юкъаралла" экстремистийн маша ларар. Оцу боламах олийла дац юкъаралла я низамо тIечIагIбина болам, цундела некъ бац цуьнан декъашхой кхеле ийзо, боху цо. Нийса ца хета цунна "тутмакхийн элех" долу низам а. "Тутмаккхийн иерархехь долу дарж караэцар гойту тоьшаллаш хуьлийла а дац. Иза хIинца Абдулхаликовн девнаца го. Ткъа "урканийн цхьааллехь" ву аьлла, милла а бехкевалур ву. Масала, стага цхьаьнхьа яздийр ду "АУЕ" ("урканийн цхьаалла"), иза оцу боламехьа ву, экстремист ву, аьлла, чуволлалур ву. Со тешна ву оцу суьртах ницкъхоша пайдаоьцург хиларх", - элира адвоката.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG