ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Суна ши харжам битира цара, ас шолгIаниг къастийра". Нохчийчохь сийсазвина Iедалхойн критик


Де хьалха цхьа могIа кавказхойн пабликашкахь видео яьржира, Нохчийчуьрчу верзинаваьккхинчу жимчу стага гора а хIоьттина, ша IАДАТ цIе йолчу оппозицин телеграм-каналан администратор ву бохуш.
Цу ролика тIехь, шегара даьллачунна нах къинтIера а бохий, верзина, шишанна тIехуу иза. "ТаIзар до ас сайна, изза шайна дан рагI IADAT-каналан администраторшка дIа а луш", - боху ша 19 шо долчу Тепсуркаев Салман ву олучо.

Нахана хьалха оццул стаг сийсазваро цкъа а ца хиллачу кепара эргIадвахийтира массо а. Ур-атталла, хIинццалц нохчийн Iедалхошна муьтIахь хилларш а цхьана, билгалдаьккхина Кавказ.Реаалиица къамел динчара.

Вацара Тепсуркаев администратор, иза Нохчийчуьрчу оппозицин боламан жигархо вара. Цхьана хенахь чат лелош вара иза аьлла, дийцина IАДАТ телеграм-каналан цхьахволчу векало.

Къмел динчо бахарехь, шоьтан сарахь лачкъийна вигинера Тепсуркаев. Ткъа иза аьшнашвеш видео жигархойн юкъарчу чат чу кхоьссинера оршотан дийнахь.

ТIаьххьара зIене ваьлла иза шоьтан дийнахь. Цо яздина хиллера, боху, ша шегара лелардо ялийтина аьлла: "Цхьана кадыровхочунна хаийтинера ас со мила ву, цул тIаьхьа уьш со дIавига баьхкира". Оцу къамелал тIаьхьа Тепсуркаевца лаьттина зIе хаьдда Кавказ.Реалиица къамел динчун.

Шинарин делкъал тIаьхьа кхин а цхьа видео яржийра мессенджерашкахула Тепсуркаев тIаьхь волуш. Цо дIахьедо, ша телеграм-каналан администратор вара, лаккхарчу даржхойн зударий а, наной а сийсазбеш верг а ша вара аьлла.

"Я хьайна хье юккъе тапча тоха, я шишана тIе хаа аьлла, харжамна хьалха со хIоттийча, ас шиша къастийра. Ас массаьрга а кхайкхамбо шуьга, наной а, зударий а сийсазбечуьра совца. Шу тешна хилалаш, шаьш лелочу маьттазаллех жоп дала дезар ду шун а", - боху Тепсуркаевс нохчийн маттахь.

Кавказ.Реалиин редакцино хиллачух лаьцна комментари ялар дийхира Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонехь адамийн бакъонаш тергалъечу хьукмате. Цара бахарехь, офисехь хууш ду хиллачух, амма я хьийзийнарг а, я цуьнан гергарнаш а ца бевлла шайн аппаратца зIене, аьлла, жоп деллера.

Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хаамбира Кавказ.Реалиига, лачкъийна бохучу Тепсуркаевх информаци шайга кхаьчна яц, цуьнан цIийнерчу наха шайга хаийта деза аьлла.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-секретарца Дениев Мохьмадца а зIе таса хьаьжира редакци, амма жоп ца делира цо. Иштта къамел дан дуьхьал хилира прокуратуран пресс-секретарь Сельмурзаев Адам а, ткъа оцу дийнахь телефонан бертехь хиллачо пресс-гIуллакххошна тIехьовсийра.

Прокуратуре кехатца хеттарш хьовсийна редакцино.

Социалан машанашкарчу кавказхойн юкъараллашкахь буьрса реакци йина, сийсазвеш, ницкъбеш Iораяьккхинчу видеоно аьлла, билгалдаьккхина анализан а, конфликташ цахилитаран а Центран директоро Сокирянская Екатеринас.

"Нохчийчохь лелочу репрессийн а, харцонийн тIегIа а кхачийна аьлла, хетара дукха хенахь дуьйна. Хетарехь, кхин дIа а бух боцуш хилла уьш. Нохчийн гIиллакхашка диллича, хIара уггар а къиза, ирча сийсазалла ю. Къилбаседа Кавказехь нахана а гуш стаг хьийзор, ма-дарра аьлча, камерана хьалха а хIоттийна, хьийзор ма ду иза, Iаламат инзаре-инзаре хIума ду", - кхетадо Сокирянскаяс.

Къизаллица ницкъбаро кхайкхамаш хезабо, сихаллица оцу гIуллакхна реакци ян еза бохуш, билгалдоккху эксперто: "Суна хетарехь, бахархошлахь хIуттур бац, диллина шайна цу хьокъехь хетарг хаийта, амма цхьацца волуш, дуьхьал бийла тарло, герзашца тIелатарш дан а там бу. Ткъа Европерчу диспорехь адам гIатта тарло. И видео мел гинарг Iадийна ву".

Шайн бIаьргашна ган а гуш, оцу кепара таIзар ган кийча бацара нах бохуш, чIагIдо оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос: "Гуш ду, оцу видеоца адам кхерон Iалашо хилла Iедалхойн, уьш тешна хилла шайн агIончаша а шаьш къобладийр ду, амма царна моьттург ца хилла".

ХIинццалц махкарчу Iедална муьтIахь хилларш йа цаьрца цхьана болх беш хилларш, уьш берриш а Iадийна, эргIад бахийтина гинчо, боху Абдурахмановс.

Оцу кепарчу кхел яро юкъараллехь цабезам а, жимма а кхетам болчарлахь гIаттийна протест а ю бохуш, дуьйцу Нохчийчохь болх бечу "Къизаллашна дуьхьалояран Комитетан" юристо Аламов Мохьмада.

"Нагахь санна, оцу стагера цхьаъ даьллехь, цуьнан бехк хилар кхелехь тIечIагIдина а хила деза, низамаша ма-хьоьхху, барамаш лелон беза цуьнца", - аьлла, тIетоьхна Аламовс.

ХIинца а хууш дац, стенгахь ву билггал Тепсуркаев. Аламовс боху, хIинццалц республикехь нахана хьалха дIа а хIиттош, кхел йинчара а гIо ца дехна бакъоларъярхошка: "Нагахь санна, царна лаахь, бакъоларъярхой кийча бу орцах бовла".

Ницкъбеш видео Iораяьллачул тIаьхьа, IАДАТ телеграм-канале язбеллачу дуккхаъчара дIахьедина, ницкъаллийн структурашкара балхара дIадовла шайн лаам хиларх, дийцина пабликан администрацин векало.

***
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикашна махкахь кхерам хилла ца Iаш, дуьне мел ду баьржинчеран дахарна а кхерам бу. Кадыровна критика еш хилла нохчийн ши блогер вийра кху шарахь: Францин Лилль гIалахь вийра Алиев Iимран, ткъа кху аьхка вийра Австрин Герасдорф гIалахь Умаров Мамихан.

Чиллан-беттан 26-чохь тIелетира нохчийн оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона. Цунна бехке хеташ, шеконашца лаьцна Оьрсийчуьра веана хилла Мамаев Руслан.

Кху шеран Товбеца-баттахь санкцийн тептаре ваьккхира Кадыров Рамзан, цо махкахь шога адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларна. Иштта санкцеш тоьхна цуьнан хIусамнанна Кадырова Меднина а, йоьIаршна Iайштана а, Каринина а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG