ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламан комитетан хIинца дуьйна бакъо ю "истори харцйоху" нах кхеле ийзо


Дуьненан шолгIачу тIеман истори харц хорша ерзор сацондолу керла хьукмат кхуллур ю Талламан комитетехь

Оцу хьокъехь хаам бина урхаллин куьйгалхочо Бастрыкин Александра, боху Талламан комитетан пресс-векалто.

Керлачу хьукмато Дуьненан шолгIачу тIамехь зуламаш динарш а, тахана истори харцхьа йовзуьйту нах а Iора а бохуш, бехктекхаман гIуллакхаш гIиттор ду царна дуьхьал. Бекхам тIаьхьа ца кхуьуш ца буьсийла иштта хоуьйтур ду талламчаша, аьлла Бастрыкина.

Цунна гарехь, Нюрнберган процессехь массо а зуламхошна таIзар дан ца ларийна дуьне, дукхахболу нацисташ къайлабевлла хила тарло. Оцу наха лелийначу зуламийн буьззина юридикан мах хадо беза, аьлла Бастрыкина. Цо бахарехь, истори бакъдолчун хоршара йохуш лела цхьайолу пачхьалкхаш. "Вайна гуш ду, Дуьненан шолгIачу тIеман жамI дечохь Оьрсийчоьно къобалъеш йоцу позици лаьцна Малхбузера цхьайолу пачхьалкхаш хьийзар", - дIахьедина Талламан комитетан куьйгалхочо.

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира "вайн заман коллаборационисташ" цIе тиллина деношкахь "истори юхаязъян резаболчу жигархошна".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG