ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мавзолейх, Ленинах мукъаяьккхича, хIун пайда эцалур бу, аьлла, концепцийн конкурс кхайкхийна Оьрсийчохь


Оьрсийчоьнан архитекторийн цхьаьнакхетаралло конкурс кхайкхийна, Музейх, Ленинах мукъаяьккхича, эцалур болу пайда къасто лерина. Оцу бараман хьокъехь сацамбира бутт гергга хьалха, амма зорбанехула дIа ца кхайкхийна Iалашо Гезгмашин-беттан 11-чу дийнахь бен.

Конкурсан жамI довзуьйтур ду Москвахь "Зодчество" ("Дечиг-пхьеран говзалла") фестивалехь Лахьан-беттан 11-13-чу деношкахь.

Фестивалехь дакъалаца кхайкхина суртдиллархой, архитектораш, могIара бахархой. Конкурсехь дакъалоцучо хьалххе чуяла еза Майзолейх хIун пайдаэца тарло гойту шен проект.

Конкурс кхайкхийначара хоуьйту Ленинан дакъа лаьтте дерзоза хиларо ларамечу стагах дисина иэс сийсаздеш дуйла а, велларг лаьтте цаверзор динехь доцийла а. Ткъа ша Мавзолей йиса еза, иза Кремл-гIопах йозаелла а, дуьненаюкъара хазанаш лардечу ЮНЕСКО-н тептарахь а ю, боху архитекторийн юкъаралло.

Конкурсан жюри юкъа кхайкхина Оьрсийчоьнан синбахамаллин министр Любимова Ольга а, "Нийсонан Оьрсийчоь" партин лидер Миронов Сергей а, Кремлан музейн директор Гагарина Елена а.

Мавзолейрчу аьнгалин саркофаг чохь Ленинан дакъа латтадо иза веллачу 1924-чу шарахь дуьйна cхьа. Дакъа ца талхийта, тIехьожуш ю Мавзолейхь лаборатори.

Революцин баьчча Ленин Владимир лаьтте верзор дуьххьара дийцаредаьккхира 1989 шарахь. Цхьаболчу политикаша чIагIдора, Ленина ша шен нанна уллехь дIаволлийта весет дина бохуш. Амма дац оцу хьокъехь тоьшалла. Ленинан уллера гергара йолчу Ульянова Ольгас, ца хуург дуьйцу политикаша, цо ша лаьтте верзор доьхуш дитина дац цхьа а документ, чIагIдора хIетахь.

XS
SM
MD
LG