ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тхаба-Ерды ца йохкийтина, Умаева "ша кхелхина", Закаев емалво къоман бала кхачарна


КIиранах хилларг

Оршот

Тхаба-Ерды. ГIалгIайчоьнан Iедалан Iалашо яра евзаш йолу ширачу заманара вайнехан килс "Тхаба-Ерды" йохка. Амма ГIалгIайчуьрчу блогерша а, юкъараллин жигархоша а юхаяккхийтина и гIулч.

Синмехаллин и объект дIаяла сацам бина Джейрах-Iаьссан территорин музейга, хаамбо шен сайта тIехь республикан министрийн кабинето. Оцу хьокъехь омра дина ГIалгIайчоьнан премьер-министра Сластенин Владимира.

Килс Оьрсийчоьнан бахаман доладечу Росимуществон аукционе яьккхина хилар тидаме ийцира махкарчу бахархоша. Цул тIаьхьа аукцинера дIаяьккхина и лот.

  • Тхаба-Ерды – Оьрсийчоьнан территори тIехь уггаре ширачу керста килсех ю. VIII – IX бIешерашкара ю иза.

Ши ваша хе ваьхьна. Гуьмса йистехь, Соьлжа чохь жима ши ваша хе вахьна, хаам бира Нохчийчуьрчу талламан комитетан урхалло шен сайта тIехь. Урхалло бахарехь, орцанхошна хица карийна цхьана вешин дакъа, лоьху шолгIаниг.

КадыровгIеран ловзар. Нохчийчоьнан куьйгалхочун маьхчин Кадыров Абубакаран ловзаргахь вуно дукха хьеший хилла дIадахначу кIирандийнахь.

Соьлжа-ГIалахь и барам вовшатоьхначара а, хьешаша а ца лелийна масканаш, ца латтийна вовшашна юкъахь дистанци.

Шен "Вконтакте" агIоне пост хIоттийна Кадыров Рамзана. Цунах ловзаргара видео а йоьзна Кадыровс. Цу тIехь гуш бу дуккха а нах. Говраш йоьжначу фаэтонахь. Улле говрберий а хIиттина, далош ду нускал, зезагаш ду кхуьйсуш стиглара охьа, детта герзаш.

Шинара

Тепсуркаев Салман. Кавказерчу массех пабликаша яржийна, шена тIе а луьйш, ша-шена маьттаза таIзар деш, Нохчийчуьрчу Iедална оппозицехь долчу 1ADAT телеграм-каналан администратор ву ша, бохуш, жимчу стага къамел ден видео. Шегара даьллачу вонашна нах къинтIера а бохий, верзина, шишанна тIехуу иза. "ТаIзар до ас сайна, изза шайна дан рагI 1ADAT-каналан администраторшка дIа а луш", - боху 19 шо долчу Тепсуркаев Салмана.

Цкъачунна хууш дац, муха мах хадийна яьржинчу видеон Нохчийчоьнан прокуратуро а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло а.

Телеграмерчу IADAT канало ша схьайиллинчу 5 бетта чохь шена гонахгулвина 6000 сов ешархо.

"Кадыров Рамзанан режимна дуьхьаллаттархой" олу шаьш-шайх пабликан авторша. Цара дуьйцу, гойту махкахь нах лечкъорах лаьцна а, Iедалан белхахоша бахархошна бечу Iаткъамех лаьцна а.

Кхаара

Закаев Ахьмадан дIахьедар. Нохчийчохь а, дозанал арахьарчу нохчаша а, Оьрсийчохь маьрша болх бан аьтто болчу хаамийн гIирсаша а кху деношкахь доккхачу халахетарца йийцарейо Telegram-ан IADAT каналан авторех волу Тепсуркаев Салман, шен дена а, нанна а лоьш, "ша-шена" таIзар деш, верзина а ваьлла, шишанна тIе хууш яьккхина видео. Оцу хиламан хьокъехь дIахьедар дира дозанал арахьарчу Ичкерин Iедалан министрийн кабинетан куьйгалхочо, Лондонехь вехачу политика Закаев Ахьмада.

Цо кхайкхамбира нохчашка: " Тахана махкарчу Iедале дIасаца, ма латтае къоманна тIехь харцонаш олу хан тIекхаьчна. …Махкара Iедалан векалш кхойкху ас шаьш лелочу харцонех дохкобовларе. Дозанал арахьарчу нохчашка боху ас: самадовла, ма хIаллакдайта шайн децIера халкъ! "

Стенгахь ву Умаров Мовсар? Нохчийчуьрчу синбахаман хьукматашкарчу белхахошца къамел деш, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комментари йина меттигера вахархо Умаров Мовсар вадорна шен гIовс Байтуев Мохьмад бехке ву, бохуш, нохчийн пабликашка баржийначу хаамна. Байтуев шен гонехь ву 20 шера чохь, цкъа а ца хилла нахаца гамо йолуш, цо лоцийла дац стагга а, дIахьойла дац лерина операцеш, цо цхьа а ца лаьцна, аьлла Кадыровс.

Товбеца-беттан 18-чу дийнахь полицино лаьцна 33 шо долу Соьлжа-ГIалара вахархо Умаров Мовсар. Гергарчара дийцарехь, оппозиционеран-блогеран Абдурахманов Тумсон видео хьажарна бехкевеш лаьцна иза. Амма тIаьхьо хаийтина полисхоша цуьнан цIерачарна, иза шайгахь вац, шайн карара а ваьлла, ведда, аьлла.

Гергарчарна полисхошлахь вевзина Умаров лачкъийнарг – цара чIагIдарехь, Кадыровн гIоьнча Байтуев Мохьмад ву иза.

Еара

Францера нохчий дита лерина бац шайна аьлларг. Ницца гIалин мэра Эстрози Кристиана кхаарин дийнахь жоьпаш делла полицина ша Францехь бехачу нохчашна дуьхьал хьалхо динчу къамелан хьокъехь. Иза Францерчу нохчийн диаспоро а, меттигерчу бакъонашларъярхоша а бехкевийриг ду цо "нохчаша кхечу къаьмнийн тобанашца наркотикийн базарара монополи къуьйсу ", аьлла дина дIахьедар.

Иштта комментари елира цо Францерчу Дижонехь кхо бутт хьалха Нохчийчуьрий, Къилбаседа Африкерий схьабевллачу нехан иккхина дов довзуьйтуш. Францерчу "Адаман бакъонийн лигано", зуламе ду куьйгалхойх волчу стага иштаниг дийцар, иза расизм ю, аьлла, кхеле велла Эстрози.

Умаева Мадина йийна яц, боху талламо. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхаллина шозлаг1а а ца карийна гергарчарна иза йийна ю аьлла хета 23 шо долу Умаева Мадина кхалхар талла бух.

Дов даьлла марзхойн доьзалехь берашна 1едало деллачу ахчан декъах Мадинас телевизор эцарна, оцу хьолехь иза майрачо йийначух тера ду, ч1аг1дора еллачун гергарчара.

Товбеца-бутт боьрзуш дIакъевлира зудчун ялар толлуш диллина хилла бехктакхаман дов, амма т1аьхьо, бакъоларъярхоша Оьрсийчоьнан Талламан коммитетан куьйгалхочуьнга кехат яздича, юхаг1аттийра иза.

Мангал-беттан 12-чохь Гуьмсехь елла 23 шо долу Умаева Мадина. Марзхоша сихха дIайоьллира иза. Талламан комитетан тIедилларца, эксгумаци йира еллачунна.

ЙоьIан дакъа хьаладаьккхича цуьнан нанас Довлетмирзаева Хутмата дIахьедира, шен йоьIан дегIа тIехь муо гира шена, цундела иза йийна хиларх шеконаш ю шен аьлла. Жимачу зудчун марзхоша чIагIдора, эпилепси йолуш яра иза, лазар деана елла, бохуш. Кхо бер диссина Умаеван – кIант а, ши йоI а.

Нохчийчохь лецна, цкъачунна евзаш йоцчу метте дIабигина Лондонерчу нохчийн политикан Закаев Ахьмадан гергарнаш – ши ваша а, ши йиша а. Оцу хьокъехь Кавказ.Реалиига хаийтина ша Закаевс.

ПIераска

Ломаев Муса вен гIоьрина Финляндехь. Гезгмашин-беттан 10-чу дийнахь, Нохчийчуьрчу Iедална интенетехула критика еш схаьвогIу блогер Ломаев Муса вен гIоьртина стаг лецира Финляндехь.

ХIинца, цо ша дийцарехь, Финляндерчу низаман урхалло ха хIоттийна цунна тIе, дихкина таллам боьдучу юкъанна ша социалан машанашкахула ен эфираш дIакхехьа. Блогерехь йолчу информацица, иза вен Iалашо йолчу агIоно ах-миллион доллар луш хилла киллерна.

Ломаев Мусас канал леладо Ютубехь, критика йо Нохчийчуьрчу Iедална.

Имаман «фетва». Соьлжа-Г1аларчу "Нохчийчоьнан Дог" маьждигехь рузба д1ахьош, Телеграмерчу 1ADAT каналехула махкара Iедал емалдийраш а, "кхийолу Малхбузенан проекташ" латтораш а хIаллакбан беза, аьлла, оцу маьждиган имама. Цунна хетарехь, махкара Iедал къобалдеш воцург бусалбанийн мостагI ву.

Шотт

Европан кхеле арз. "Iазапна дуьхьалоечу комитетан" ("Комитета против пыток") юристаша Нохчийчуьрчу вахархочун Тепсуркаев Салмананна накъосталла деш, арз хьажийна иза тIе видеокамера а ерзийна, шишанна тIехаоран хьокъехь. Масех де хьалха Краснодар-махкарчу Геленджикера лачкъийна вигина вара иза Соьлжа-ГIала.

Дуьненаюкъарчу адмийн бакъонийн Конвенци стаганна тIехь Iазап латтор, адамаллин бакъонаш талхор доьхку низамаш хьашна Тепсуркаевца доьзна, боху Страсбурге хьовсийначу документаша.

"Новая газето" Тепсуркаев лачкъийна Гезгмашин 5-чохь, Нохчийчоьнал арахьарчу иза болх бан вахана хиллачу меттера, чIагIдо. Редакцехь бух бу иза Соьлжа-ГIаларчу леррина операцеш дIакхоьхьучу ницкъаллин "Терек" тобан базехь латтош ву ала. Тепсуркаев вадор гойту видеорегистраторан тоьшалла довзийтина "Iазапна дуьхьалоечу комитето".

КIиранде

Шоьтан сарахь "Грозный" телеканало Британерчу политикан Закаев Ахьмадан гергарнаш гайтина эфирехь, цуьнга дIахьедар дойтуш. Хьалхо ша Закаевс хаам баржийра, Хьалха-Мартанара шен ши ваша а, ши йиша а 1едало лачкъийна аьлла.

"Ас дерриг а къоме до къамел. Цига а хевшина, Iедал емалдечаьрга боху, царна коьртехь волчу сайн вешига а цхьаьна – царех цхьа а вац борша. Делан неIалт хилла нах бу уьш. Оцу наха бехбо къинхьегамхой, церан наной, зударий. Тхан кхузахь паччахь а ву, тхо цунна реза а ду, деха, балха а лела. Я шух дешаш а дац, кхоьруш а дац", - элира Закаев Ахьмадан ваша ву аьлла возийтинчо.

Хьалхо Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада кхерам тесира Закаевна, 1ADAT телеграм-каналехула дечу къамелех цуьнгара "хаттам хир бу" аьлла.

XS
SM
MD
LG