ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара цIадалийна 11 бер гергарчийн доьзалашкахь дIатардина


Гезгамашин-беттан 9-чохь Шемара цIадалийна Оьрсийчуьра 11 бер церан гергарчаьрга дIаделла. КIиран сарахь бина и хаам президентехула берийн бакъонаш Iалашъян векал йинчу Кузнецова Аннин пресс-гIуллакххоша, яздо ТАСС агенталло.

"Эххар а Дагестанерчу а, ГIебарта-Балкхаройчуьрчу а шайн гергарчийн доьзалашка дIакхачор ду цхьайтта бер. Бакъду, Нохчийчуьра а, Астраханера а, Дагестанера а диъ бер хIинца а дарбан цIийнехь дуьссуш ду. Кеста берашкара хьал а хууш, кхин дIа лелон дезачу дарбанех а дуьйцуш, уьш латточу дарбан хIусаме гIур ду тхо", - аьллачу омбудсменан дешнаш далийна цуьнан пресс-зорбанчаша.

Хьалхо Оьрсийчоьнан берийн бакъоларъярхочо Кузнецова Аннас журналисташка хаамбира, дIадахначу кхаарин дийнахь Шемара 15 бер далийна Оьрсийчу аьлла. Дара царлахь чевнашца бераш а цхьана, уьш дарбан хIусамашка охьадехкинера. Омбудсмено бахарехь, шина шарера 17 шерашка кхаччалц долу исс кIант а, ялх йоI хиллера уьш.

Берийн омбудсменан пресс-гIуллакххойн статистикаца, Гергарчу Малхбалера тIеман конфликташ лаьттачу мехкашкара хIинцале а даймахка дерзийна 182 бер. Царех 122 Иракъера, 60 бер Шемара далийна ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG