ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра хаамийн гIирсаш: нохчех дIакъастийна Закаев Ахьмад а, Европера Ичкерин векалш а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийн тIемалойн буьйранча лаьттина Закаев Ахьмад а, Европера Ичкерин векалш а шайн къомах дIахадош Соьлж-ГIаларчу юккъерчу маьждигехь гулам дIабаьхьна нохчийн къоман векалша, яздо хаамийн гIирсаша. Дийцарехь, цигахь дакъалаьцна динан дайша а, массо а тайпанийн а, къанойн кхеташонийн а, юкъараллийн а, кегийрхойн а организацийн векалша а. Шаьш арахецначу резолюцин чулацам бовзийтина республикерчу Iедална муьтIахь болчу хаамийн гIирсаша.

ДIахьедаран авторша дIакхайкхийна меттигерчу Iедалхойн критикаш Делан а, нохчийн къоман а мостагIий бу, аьлла.

"Оха дIахьедо, къоман аз хила шун бакъо цахилар. Шу нохчий дац. Нохчийчохь бехачийн а, Европехь бехачу нохчийн а цIарах къамелдан гунахь долуш нах дац шу. Официалехь шу тхайх дIакъастадо оха, нохчийн къоман цIарах неIалт а кхайкхадо шуна", - аьлла, яздина ду резолюци тIехь.

Нохчийн оппозицин политикан Закаев Ахьмадан ша лелочух "Далла хьалха жоп дала дезар ду", билгалдаьккхина йозанехь.

Дозанал арахь куп тоьхначу Ичкерин Iедалан премьер-министр волу Закаев Ахьмад Британехь вехаш ву. Ша ву нохчийн оппозицин IАДАТ телеграм-каналан администратор аьлла, цо дIахьединчул тIаьхьа Нохчийчуьра лаккхарчу даржашкахь болчу хьаькамаша сийсазвеш, кхерамаш тийсина цунна.

Закаевгара "доьхур ду", Нохчийчохь Iедало бахархой хьийзабо бохуш, къайлах болх бечу Телеграмерчу оппозицин ойла яржочу IADAT-канало арабохучу хаамийн хьокъехь, дIахьедира парламентан спикеро Даудов Мохьмада а, Думан депутато Делимханов Адама а, республикан муфтийс Межиев Салахьа а.

Закаев Ахьмада Гезгмашин-беттан 8-чу дийнахь IADAT-каналехула къамел дира махкара вахархо, каналан жигархо Тепсуркаев Салман сийсазвеш яржинчу видеоца доьзна. Хилларг вуно эхье хIума ду Кадыровн Iедална а, дерриг нохчийн къоманна а, бохура политика.

Гезгмашин-беттан 7-чу дийнахь IADAT пабликехь араелира гIараяьккхина юьйцу видео. Иза Тепсуркаев Салмана ша хьажийна редакце, бохура хьостанан администрацино. Ша IADAT пабликехула махкарчу нехан наношна а, зударшна а вон мел дерг баьхна машанехула, царна ша баьхнарг шена дуьхьалдаьлла, цундела ша до шена таIзар, аьлла, верзина ваьлла волу Тепсуркаев хиира шишанна тIе. Шена шишанна тIехаа я тапча тохийта битинчу шина харжамах цхьаъ бу ша къастийнарг, бохура жимчу стага.

IADAT канало ша схьайиллинчу 5 бетта чохь шена гонах гулвина 6000 сов ешархо. "Кадыров Рамзанан режимна дуьхьаллаттархой" олу шаьш-шайх пабликан авторша. Цара дуьйцу, гойту махкахь нах лечкъорах лаьцна а, Iедалан белхахоша бахархошна бечу Iаткъамех лаьцна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG