ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказерчу мигранташна депортацеш ярна дуьхьал акци хилла Парижехь


Къилбаседа Кавказерчу мигранташна депортацеш ярна дуьхьал акци хилла Парижехь
please wait

No media source currently available

0:00 0:01:10 0:00

«Нохчий а, гIалгIий а, дагестанхой а Оьрсийчу цIахьежорна дуьхьал» цIе йолу Францехь тховкIело еллачу кавказхошна депортацеш ярна дуьхьал манифистаци хилла кIиранан дийнахь, Гезгмашин-беттан 13-чохь Парижехь. "Human rights protection" (Адамийн бакъонаш ларъяр) адамийн бакъонашкахула йолчу организацин хаамца, Францин Iедалша цIахьажийначерах хIора кхоалгIаниг ала мегар долуш Оьрсийчохь лоций дIало иза вехачу меттигерчу ницкъаллин структурашка. Бакъонашларярхоша дийцарехь, цигахь цу нахана етта, къиза таIзарш до царна, террорхошна гIо деш хилла, терроран тобанан декъашхо хилла йа кхидолу зуламаш деш хилла, бохуш доцу бахьанаш а лоьхуш.

XS
SM
MD
LG