ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тергамзалла а, манипуляцеш а. Политолог - Оьрсийчуьрчу меттигерчу харжамех лаьцна


Оьрсийчоьнан исторехь дуьххьара хилла кхаа дийнан харжамаш – Гезгамашин-беттан 11-13-чу деношкахь лаьттира уьш. Харжамийн коьртачу комиссин куьйгалхочо Памфилова Эллас дийцарехь, коронавирус яржарца доьзна дара оцу кепехь харжамаш дIабахьар. Ткъеха гергга регионашкахь губернаторш бара хоржуш, иттех сов регионашкахь – меттигера парламенташ, ткъа мехкашкарчу гIаланашкахь –гIалийн кхеташонаш а, миниципалитетан куьйгалхой а, яздо Карарчу Хено.

Регионийн тIегIанашкахь массаехьа а тоьлла "Цхьааллин Оьрсийчоь" – ца дезна харжамийн шолгIа го дIахьа а: цхьаболу губернаторш бисина шайгарчу даржашкахь, кхиберш хаьржина дуьххьара. Керла хаьржинчу губернаторшна хьалххе тIекарлонаш йира Кремло, царах цхьаболчарна 80% сов тесна кхаьжнаш. Амма оцу юкъанна, харжамийн каппашкахь, комиссешкахь "маьршша лийлира харцонаш", аьлла ду харжамхойн бакъонаш тергалъечу "«Аз» ("Голос") боламо дина дIахьедар.

Оппозиционера-политика Навальный Алексейх кхоьллинчу "Хьекъале харжам" стратегин мелла а аьтто баьлла Новосибирскехь а, Томскехь а. Цигахь тоьлла меттигерчу Навальныйн штабийн куьйгалхой – Фадеева Ксения а, Фатеев Андрей а.

Цхьаболчу губернаторийн муха баьлла лакхарчу жамIашка кхача аьтто, стенна тоьлла Новосибирскера а, Томскера а Навальныйн го, стенна ца баьхна толамаш оппозицино кхечу мехкашкахь – оцу хьокъехь Карарчу Хенан къамел хилира политологца Крашенинников Федорца.

— Регионийн ворхI куьйгалхочунна белла наха 80% сов кхаьжнаш. Цхьайолчу регионашкарчу губернаторийн харжамашкахь тIех лакхара терахьаш даьхна, кхаьжнаш шолгIа таса безаш нисделарна кхоьруш, яздира ахь Фейсбукехь. Стенна го хьуна иштта?

— Куйга яздина и терахьаш аьлла ца хета суна, компани йоьдуш даьхна уьш. Харжамашкахь кандидаташ бацара цхьацца бен. ШолгIа кандидат мехала ву хьалхарчул а – шиъ хилча, цара ларбо харжамаш вовшаша лело тарлучу харцонех. Нийсачу харжамашкахь къовсам хуьлу, конкуренци хуьлу, нах алсам кхаьжнаш тосу лидер а хуьлу, цул тIаьхьавуьсий, оьшург а хуьлу.

Ткъа вайн кху Оьрсийчохь тамаше сурт лела: веккъа цхьа лидер хуьлу, шеца къовсалуш цхьа а воцуш, ур-атталла битамаш а ца хуьлу, кхиверг цуьнца яхьеваьлла моттийта а. Я цуьнца къовса лууш цхьаъ ву алийта а. Цунах олу ас "терахьаш дахар".

— Ткъа муха аьтто болу и хьал хIотто?

— Вуно атта: кандидаташла язво моттаргIанна, барт а бой, къовсалур вац, кеп лелор ю, олий, бакъ конкуренци хуьлуьйтуш яц, къовсабала таро йолу оппоненташ ца буьту харжамашна юкъа. Оьрсийчуьрчу харжамашкахь оппозицин кандидатийн ахчан ресурс, спонсораш хуьлуш бацар-м дийца а ца оьшу. Iедало шена оьшучу наханна дуьхьал цхьа а ца волу хьал хIоттийна.

— Навальныйн тобан аьтто баьлла Новосибирскан а, Томскан а гIаланийн кхеташонашка кхача. Муха мах хадабо ахь "Хьекъале харжам" стратегин?

— Волковс нийса аьлла: "Хьекъале харжамо" дахар самадаккха мега, гIодан тарло цхьанна, амма цо дакъа сама ца доккху. Аьлча а, политикан дахар доцчохь, оппозици йоцчохь, гуш ду, "Хьекъале харжамо" а ца кхачийна пайдечу IамIашка. Амма меттигашкахь барт хиллачохь, нах тобане гулбеллачохь, харжамхошка Iалашо дIакхачийначохь гуш ду, хилла пайда.

Интернетехула агитаци йора аьлла, нах телевизоршна хьалха, диванашна тIехь Iахкарх хир дац гIуллакх. Шайн-шайн меттигашкахь балакхочуш нах бацахь, хир бац толамаш.

— Кхаа дийне харжамаш дIабахбар – муха мах хадабо ахь оцу технологин?

— Иза маьттаза технологи ю, мел эшна хьал латтахь а, "Цхьааллин Оьрсийчоьнна", цуьнана кандидаташна шайниг чекхдаккха некъ ло цо. Губернаторшна оццул яккхий проценташ яха аьтто бо деношца бахбеллачу харжамаша. Атта ма ду, цхьана дийнахь кхаьжнаш а тосуш, шина дийнахь декъазчу гIутакхаш чу луъург таса. Я и хьал зен, талла йиш а ца хуьлу дукха хьолехь. Цунах пайда а бина шена Iедало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG