ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса велла ковидах 10 дархо, ун даьлла 591 вахархочунна


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусан уьнах кхелхина итт стаг, вирус гучуяьлла 591 стагаца.

Эпидеми дIаса ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхну оперативан штабан зерашца, Ставрополан махкахь а, Дагестанехь а велла виъ-виъ пациент, Краснодаран кIоштахь шиъ.

Эпидеми яьржичхьана верриг а Къилбаседа кавказехь COVID-19 вирусах велларг ву 1 436 дархо. Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь - 138 стаг:

Ставрополан махкахь̆ +138 (14 208 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIоштахь + 93 (12 751)
Дагестанехь +85 (12 345)
Кхарачой-Чергазийчохь+65 (6 158)
ГIалмакхойчохь +63 (5 551)
ГIалгIайчохь +49 (5 044)
ГIебарта-Балкхаройчохь+41 (7 106)
Къилбаседа ХIирийчохь+32 (5 375)
Адыгейхь +20 (3 730)
Нохчийчохь + 5 (2 361)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан ун токхуш ву 74 629 стаг. Оперативан штабан статистикаца, Оьрсийчохь ву COVID-19 вирус кхетта 1 08 5281 пациент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG