ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненчохь коронавирусан ун даьллачу нехан терахь 30 миллионе гIоьртина


Коронавирусан ун даьлла ву дуьненчохь 30 миллион сов стаг. Пандеми яьржичхьана кхелхина 945 эзар гергга дархо, 20 миллион сов ву дарба хилларг. Ун даржарна тIехь терго латточу ХIопкинс Джонсан Университето бина цунах хаам.

Оцу юкъанна, кху беттан 14-чу дийнера схьа дуьненчохь COVID-19 вирус кхеттачийн терахь цхьана миллионе хьаладаьлла. Ун даьлла нах алсам хиларца хьалхарчу меттигехь ю Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ. COVID-19 вирус къаьстина цигарчу 6,6 миллион адамах. Велла уьнах 197 эзар пациент.

Цунна тIаьхьа ю ХIиндойчоь а (5 миллион ву цигахь вирусца), Бразили а (4 миллион).

4-чу позицехь ю Оьрсийчоь. Пачхьалкхехь цхьа миллин 85 эзар стагаца хааелла коронавирусан инфекци. Кхелхина 19 эзар ковид токхуш хилла дархо.

ТIаьххьарчу кIиранашкахь юха а карзахъяьлла Европан мехкашкахь инфекци. Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран организацино (ВОЗ) билгаладаьккхина, Европан пачхьалкхашкахь цомгаш болчу нехан терахь лакхадаьлла Зазадокху-баттахь гайтинчул а аьлла.

ШолгIа тулгIе ловш хиларх дIакхайкхийна Австрино а, Чехино а. Шога карантинан барамаш юкъабахар дийцаредо дуккхаъчу пачхьалкхаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG