Зуламаш дарна Оьрсийчоьно бехкевечу цуьнан кхаа вахархочунна экстрадици йина Германино, хаам бина Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурин пресс-векалто.
Царалахь ву 29 шо долу краснодархо Курбанов Рустам-Бек а. Иза шеконехь ву 2014-чу шарахь Дагестанера боксер Гаджимагомедов Расул верна. Талламо дийцарехь, дов иккхинчохь Курбановс логах урс тоьхна боксерна.
Оьрсийчу дIахьажийна волу кхин шиъ ву Москвара Позов Антон а, Пуп Думитр а – царна бехке дохку хьал-бахамца доьзна зуламаш.
- 2019 шеран бIаьста Германино депорт йира ГIалгIайчуьрчу Орханов Тимурна а, цуьнан кхаа беранна а. Москва кхаьчча, ФСБ-но лецира иза, "Имарат Кавказ" тобан Несарарчу секторан амир ву аьлла.
- Байначу баттахь Германино дIакъевлира ша ДАIИШ-ан декъашхо хила тарло аьлла, нохчочунна Абдурахманов Мухьаммадна дуьхьал айдина девнан гIуллакх. Абдурахманов тешна ву шена дуьхьал бехк хIоттийнарг Оьрсийчуьра къайлаха сервисаш хиларх.