ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Билггал когаш буьлуш ду тхо". Калининградехь килсехь мачаш йилича иккхина дов


Ортодоксан килсерчу дезачу хи чохь мачаш йилира пхеа бусулбачу жимчу стага. Шаьш дечух видео дIа а язйина, социалан машане хIоттийнера цара. Путин Владимир кхин цкъа а президент вахийта гIортор ечу православин килсанна протест еш, Москохарчу килсанехь «Iиса-Пайхамаран нана, Путин дIалаллахь!» аьлла, йиш лекхна Pussy Riot панк-молебенан декъашхой лецира. Ткъа "когаш билиначарех", тIаьхьо къастарца, Балтфлотан хIордхой хиллера уьш, цхьа а лаьцна а вац, Север.Реалиин корреспонденто билгалдаккхарца, Даймехкан гIуллакх деш бу уьш, хьалха а санна. Бакъду, шинна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх диллина. Питанаш лело там бу аьлла, шеконаш ю меттигерчу бусулбачийн диаспоран.

Пхеа жимчу стага Калининградерчу православин килсехь деза лоручу хи бухахь мачаш юьлу резонансе видео гоьелира социалан машанашкахь кху беттан 14-чохь. Шаьш лелочух жигара дийца а дуьйцуш, видео яьккхинера кегийрхоша.

Мачаш юьлучу хенахь яьккхинчу видео юкъара сурт
Мачаш юьлучу хенахь яьккхинчу видео юкъара сурт

Юкъ-кара дечу къамелашца хаало, шаьш дечух дукха дика уьш кхеташ хилар. "Царна деза хи ду хIара, ткъа вай билггал когаш буьлу", - бохуш, воьлуш хеза цхьаъ.

Видео тIехь берш муьлш бу а хиира, дукха ца Iаш уьш кара а баьхкира, амма юха а маьршабаьхнера.

Социалан машанашкахь яздора, уьш нохчий бу бохуш, амма Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь бакъ ца дира иза. "Суна ца тов, хаамийн гIирсашкахь оцу кепарчу хиламехь къам билгалдаккхар. Уьш нохчий бу бохуш, хаамашкахь кар-кара оьцуш, даржийра. Сан тIедилларца бинчу талламца, и кегийрхой нохчех бац. Милла хиллехь а, бен-башха дац. Къепе я низам дохийна стаг къоман векал ву бохуш, даржадойла яц, хIунда аьлча, къоман интересашкахь лелаш вац иза", - яздира Кадыровс.

Шеггара таллам бира хиллачух Калининградерчу бусулбачийн хьалханчас Кадимагомедов Ахмеджана а. "Грозный" пачхьалкхан телехьожийла YouTube-каналехь хаамбира цо, видео тIехь долу бераш Дагестанера хиларх.

Калининградехь эскархойн гIуллакх деш болу кегийрхой хиллера уьш. Православин динан векалшна хьалха гечдар а дийхира Кадимагомедовс бусулбачийн диаспоран цIарах.

Иштта, Кадимагомедовс дийцира, шайн юкъараллас кечдеш кехат ду къепе йохийначийн дайшка а, наношка а, иштта, муфтияте а, Дагестанерчу тIеман комиссариате дахьийта аьлла.

- Эскаре балийначаьрца профилактикан болх бан беза аьлла хета тхуна, кхин а динан векалш хилар дIа а хоуьйтуш. Дуккха а конфессеш йолу пачхьалкх ю Оьрсийчоь, - аьлла Кадимагомедовс.

Цо бахарехь, кегийрхойн дай а, наной а лаха аьтто ца баьлла кхеран юкъараллан.

Республикерчу къоман политикан а, динан гIуллакхашкахула а йолчу министралло дIахьедира, кегийрхой кхетта шаьш бехкехиларх, гечдар деха а кийча бу аьлла.

Иштта, цара билгалдаьккхинера, "когаш хи чу ца Iиттинера цара" аьлла: "Уьш буьйлабелла лелаш хиллера цигахула. Оцу хи тIе шаьш нисделча, хи а мелла, шайна тIехь цIано ян дагахь хиллера уьш. Когаш хи чу ца Iиттина цара, куьйгаш тIада а деш, мачаш цIанйинера", - аьлла, дIахьедина министраллехь.

ТIаьхьо шегара даьллачунна бехк цабиллар доьхуш, видео социалан машане хIоттийра цхьахволчу оцу тобан декъашхочо: "Тхуна хууш дацара, и хи сил деза лоруш дуйла. Тхо дерриш а бусулбанаш дара цигахь хилларш, цара бохура, амма со ца тешара, гуттар хуьлучу тайпанара кран а ю, хи а ду моьттура суна", - боху дохковаьллачо.


2019-чу шарахь схьайиллина ю юьйцу килс. Дукха хан йоццуш чуьра деза хи эца йиш яра, амма хIинца дIакъевлина. ТIейогIучу заманчохь динан дезачу деношкахь бен кран йиллина хир яц аьлла, барт бина епархино.

Бакъду, Калининградерчу епархино хилларг мел а гIовгIа а ца йоккхуш, тIеийцира. Епархин информацин декъо хIоьттина хьал товш дац, амма мачаш йилинчу кегийрхойх вукхара а гечдар доьхур ду шайга, кхин дIа йолчу заманчохь културан а, динан а, историн а мехаллаш цара лорур ю аьлла, дегайовхо ю шайн элира.

Оцу кепара толеранталле позици ца магийна меттигерчу жигархоша.
Нохчийчохь хиллачу тIемийн ветерано, "За Отечество" боламан хьалханчас Отроковский Ивана кхайкхамбина массаьрга а, Талламан комитете арз дар доьхуш, мачаш йилинчу кегийрхошна.

"Оха цунна садеттар дац! Оха тIодожадо, царна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхар. Бохург ца дахь, сайн вежаршца, тIеман ветеранашца а, казакашца а Талламан комитетна дуьхьал хIуттур ву со", - аьлла, дIахьедина Отроковскийс.

Калининградехь хилларг дийцаредечу юкъанна тахана а хеза конспиралогин версеш а. Хулиганалла лелош дина хIума хила а тарло, иштта, къомана юкъа питана деш дина хила а мега аьлла, хьажам бу Дуьненаюкъарчу Оьрсийн соборан бакъоларъяран центран директоран Силантьев Романан.

Нагахь санна, билггал хаа а хууш, гамо таса Iалашонца дина аьлла, тоьшалла дан ницкъ кхачахь, бехкзуламан гIуллакхаш духьал даха тарло оцу нахана аьлла Силантьевс.

"Хилларг шайна бусулбанашна дуьхьал йина провокаци хила а тарло. Исламофобин регион ю ала тарло Калининград", - боху регионерчу динан организацин жигархочо Хациев Руслана.

Хациев Руслан
Хациев Руслан

80 процентна гIишло кийча йоллушехь, бусулбачийн аьтто ца хилира боху цо, Iедалхой дуьхьалбовларна, доккха маьждиг дина далийта. Ткъа Черняховскехь хилла ламазан цIа а дIадохийра.

- 20 шо ду тхан бусулбачийн организацин. Тхо декъа гIерта кхузахь. Цхьа бутт а, ах бутт а хьалха ламазан цIийнах дехира тхо, устав хийцира, керла куьйгалхо ву хIоттийна. Iедал цигахь крематорий ян а реза а ца хилла, шира, охьахарца кийчча йолу гIишло елира тхуна, тхан бакъонаш йохош яц аьлла, сурт хIотторхьама. Организаци а тхан дIаяьккхина ала тарло, - боху Хациевс. - Амма оха юхаерзор ю иза. Масех иск елла оха кхеле а, иштта, тIеман прокуратуре дIахьедар а дина.

Хациевс дийцарехь, бусулбачийн дегайовхо ю регионехь доккха маьждиг схьадоьллур ду аьлла. Дукха хан йоццуш Шойгу Сергейга орца дехнера бусулбанаша, Даймехкан Сийлахь тIамехь эгначу бусулбачийн сийна маьждиг деш гIо дахьара шайна аьлла.

- Дика ойла ю иза, амма коьртачу динан урхаллаца дагавала веза ша аьлла, жоп деара тхуна. Тарло, меттигерчу исламофобашна цунах лаьцна хиъна хила а, цундела дина питана хила тарло, - боху Хациевс. - Хи чохь когаш билар - зулам дар ду. Со тешна ву, оцу эскархошна доггIу таIзар дийр ду аьлла. Амма, хIиттор буй-те таIзаре, хIинца а "когаш буьлуш", Калининградан кIоштахь бусулба дин лелочу нахана тIехьоькхуш, когаш цIанбеш леларш? Тамаш бу-кх!

Гезгамашин-беттан 17-чохь шина эскархочунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш долийра, динан векалш сийсазбарна аьлла. Калининградан гарнизонерчу ТIеман-талламан декъо гIаттийра гIуллакх.

Бакъду, православин жигархоша тIедиллинехь а, кIиранчохь кхин бехкала озийна стагга а вац.

Север.Реалиина хиира, эскарехь гIуллакх дийраш хIинца а шайн декхарш кхочушдеш буйла. ТIеман талламан урхалла ю гIуллакх луьстург, цаьргара оперативан комментари эца аьтто ца белира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG