ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь коронавирсан хьал мухха хийцалахь а, шаьш кийча ду аьлла Кадыровс


Соьлж-ГIала
Соьлж-ГIала

Нохчийчуьра коронавирус яржарца доьзнарг контролехь латтош ду, муьлххачу агIор хьал хийцалахь а аьлла, дIахьедина мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана, оперативан шатабан кхеташонан жамIаш деш. Цо дийцарехь, республикерчу дарбан хIусамашкахь медикаментийн а, уьнах Iалашвен а гIирсан шорто ю, иштта совнаха маьнганаш а ду латтош. Делахь а, ситуаци цхьана эшарехь йоллушехь, Кадыровс кхайкхамбина, самояр а, Роспотребнадзоран тIедахкарш лардар а тIедожош: масканаш лелор, къаьсттина нах гуллучу меттигашкахь, иштта, социалан дистанци латтор а.

Оршотан дийнахь бинчу хаамашца, пандеми йолаелчхьана Нохчийчохь коронавирус хьакхаелла ву 2 419 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG