ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германина кхераме хетта нохчо даймахка хьажийна Iедалхоша


Германера полици, гайтаман сурт
Германера полици, гайтаман сурт

Къилбаседа Федералан Рейн-Вестфалия федералан лаьттан Iедалхоша Оьрсийчу дIахьажийна шайн пачхьалкхана кхераме лерина, Германехь вехаш хилла К. Рашид аьлла, хаамбина шинарин дийнахь dpa агенталло, шайн хьосташна тIетоьвжина, яздо Deutsche Welle гIирсо.

Лаьттанан министралло билгалдаьккхина, "билггал кхераме волу, масийттазза бехктакхаман гIуллакхашца воьзна хилла" Оьрсийчоьнан вахархо карарчу беттан 24-чохь шаьш дIахьажор. ХIинццалц таро яцара шайн, цунна депортаци ян, хIунда аьлча, цуьнан бакъйолу цIе къасто аьтто ца хуьлура шайн аьлла, дIахьедина министраллехь.

Тайп-тайпанарчу цIерашца вехаш хилла, К. Рашид Нохчийчуьра Германи кхаьчна хиллера 2004-чу шарахь. Цунна политикан тховкIело яла дуьхьал хиллера Германин Iедал 2005-чу шарахь. ХIеттахь иза махкара араваккха бакъо яцара Германин, цо яьккхинчу цIарца Оьрсийчоьно шайн вахархо вац аьлла, жоп даларна.

2019-чу шарахь Германехь резонанс иккхира Рашидан гIуллакхна гонах, талламан изоляторе хьажийра иза, цуьнан цIийнах карийнера тапча а, патармаш а.

Маршо Радионо яздира, ши кIира хьалха Белорусино шайн дозанехь лаьцна Нохчийчуьра вахархо Сайдумов Сидикъ Оьрсийчоьне дIаваларх. Белорусин Iедало иза лацаран бахьанаш хууш дац, лаьцначун доттагIаша бахарехь, ур-атталла, лехамашкахь а вацара иза. ТIаьххьарчу 7 шарахь Францехь вехаш хилла Сайдумов шен хIусамненаца а, кхаа бераца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG