ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу вахархочунна тховкIело яларна дуьхьал ю Украина


Миграцин хьукмато Нохчийчуьрчу вахархочунна Илаев Амхьмадна тховкIело ца луш биначу сацамна духьал бина латкъам жоп доцуш битина Украинан кхелаша. Илаевс бина и хаам Кавказ.Реалиига.
Цунна мухIажиран статус цаялар тIечIагIдина, нохчочун интересаш Iалашъеш хиллачу адвокато Ангелин Ивана а.

"Лакхарчу кхело ур-атталла листа а ца долийра цуьнан арз, хьалхарчу инстанцехь дина вердикт ша ма-дарра дитира, - аьлла цо.

Ангелина бахарехь, гергарчу хенахь цуьнан клиент юха а кхеле вала дагахь ву, шен гIуллакхехь цхьацца хилла хийцамаш чоьте а эцна.

Хьалхо Киевн административан Гонан кхело а ма-барра битира, Илаев Амхьадна мигрантан статус ца луш миграцин хьукмато бина сацам.

Маршо Радионо яздира, Илаев Амхьад Украинехь лацарх, цо Нохчийчохь стаг вийна, бакъо йоцуш герз а лелийна аьлла, Оьрсийчоьно еллачу информаци тIехула. Адвокато Ангеловс чIагIдарца, 2008-чу шарахь дуьйна Украине сехьа а ваьлла, Харьковн кIоштахь вехаш хилла Илаев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG