ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 16 дархо, цомгаш хиларца къаьстина кхин а 633 стаг.
Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабо динчу зерашца, Дагестанехь велла исс пациент, Ставрополан кIоштахь виъ, Краснодаран махкахь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхарочохь а цхьацца велла.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах хьалха ца ваьлла 1 635 стаг.
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь хIоттийначу статистикаца, Ставрополан кIоштахь дукха бу ун даьлларш- 148 стаг:
• Ставрополан кIоштахь+148 (16 075 ву эпидеми яьржичхьана)
• Краснодаран махкахь̆ + 99 (13 987)
• Дагестанехь + 82 (13 429)
• Кхарачой-Чергазийчохь+ 74 (7 038)
• ГIалмакхойчохь + 65 (6 424)
• ГIебарта-Балкхаройчохь+ 50 (7 662)
• ГIалгIайчохь + 48 (5 674)
• Къилбаседа ХIирийчохь+34 (5 819)
• Адыгейхь+29 (4 080)
• Нохчийчохь + 4 (2 428)
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь 82 616 стаг ву COVID-19 вирус токхуш хиларца къаьстина. Оперативан штабан зерашца Оьрсийчохь 1 176 286 дархо ву ковид ловш.
Оьрсийчохь коронавирусан шолгIа тулгIе йолаелла.COVID-19 вирус яржарца доьзна Москван Iедалша юха дозанаш детта долийна пачхаьлкхехь, контрол латтайо масканаш лелорна тIехь а.
Дуьненчохь коронавирусан инфекцех кхелхина миллион гергга стаг.
Федералан статистика ца йогIу меттигашкарчу терахьашца. Даржхоша цуьнан бахьана дузу пачхьалкхан коьртачу урхаллашкахь а, меттигашкахь а статистика лелоран кепаш тайп-тайпана хиларца.