ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закаевца къамел хилла ОБСЕ-н


Швецин парламентехь Европан кхерамзаллин а, цхьаьна болх баран а организацин (ОБСЕ-н) Парламентан ассамблеян вице-президентаца Маргарет Седерфельтца кхаарин дийнахь цхьаьнакхетта Нохчийчоьнан Ичкерин дозанал арахьарчу куьйгаллин векал Закаев Ахьмад. Дийцаредина Нохчийчохь Iедалан агIор дуьйлу зуламаш а, Оьрсийчоьно уьш тергал цадар а. Алссам тидам тIеберзийра Швецин парламентан декъашхоша а, Седерфельта а бутт хьалха нохчийн къоначу оппозиционерна Тепсуркаев Салманна оьзда доцу таIзар кхачор а, и 19 шо долу жима стаг доьза вар а. Цул сов Закаевс йовзийтина деношкахь Нохчийчохь хирург Дагаев Салахь верах йолу информаци а, иштта кхидолу нохчийн къоман паргIатонашца дозу хьелаш а.

XS
SM
MD
LG