ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Симферополехь стаг вер ша къастор ду, аьлла Кадыровс


Симферополехь стаг верна ГIирмехь садоIуш хилла нохчо шеконашка эцар "дарстийна ма дийца" аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Телеграмехь яздина Кадыровс, хилларг ша къастор ду аьлла.

Иштта Кадыровс билгалдаьккхина, хилларг тидаме эцар дуккхаъчу хаамийн гIирсаша а блогерша а. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу министраллан официалан зерашца, боху Кадыровс, доьдучу шеран Дечкен-баттера Марсхьокху-батте кхаччалц пачхьалкхехь 15,6 эзар стаг вийна. "Амма царех лаьцна кIезиг яздо. Цхьа сингаттаме статистике санна хьоьжу цуьнга, ткъа нохчо юкъахь волуш инцидент нислахь тесна ца дуьту",- яздо нохчийн куьйгалхочо.

Йолчу информацица, велларг дарбан цIийне вигина хилла, цигахь кхераме хIуммаъ а дац аьлла, цIа вахитйина. Дей-буьйсий даьлча кхелхина иза, муьлххачу а кхечу бахьанаца велла хила а тарло иза боху Кадыровс.

"Нохчийчуьрчу туристо цкъа буй тоьхна Симферополехь стаг вийна" бохуш, зорбане хаамаш бохучу хааимн гIирсаша питанаш леладо, "къаьмнашна юкъахь конфликт гIаттош" аьлла, тIетоьхна Нохчийчоьнан урхалхочо.

Маршо Радионо яздира шен агIонехь, Симферополехь йиттина хилла меттигера вахархо кхалхарх а, оцу хьокъехь талламчаша бехктакхаман гIуллах долорах а. Оьрсийчоьнан ГIирмерчу Талламан комитетан векало Постнова Ольгас бинера и хаам.

"Байначу беттан 20-чу буса Маркс Карлан урамерчу кафена гергахь къаьркъа меллачу Симферополан вахархочун а, вевзаш воцучу кхечу стеган а дов иккхинера. Вовшех летачу заманчохь меттигерчу вахархочунна буй тоьхча, галваьлла, лаьттарчу бетонах кхетта, шолгIачу дийнахь веллера иза", - дийцина Постновас.

Талламчийн версица, оцу зуламна бехке во Нохчийчуьра вахархо.
"Нохчийчоьнан ГIирмерчу векалца юкъахь къастон аьтто хилира, леташ хилла шолгIаниг мила хилла. ГIирмехь садоIуш волу Нохчийчуьра вахархо хиллера иза, инцидент хилла масех де даьлча даймахка дIавахана иза. Болчу хаамашца, хиллачун тIаьхьенах информаци ца хилла цуьнгахь. Гергарчу хенахь, бехкениг юкъа а валийна, талламаш бу дIахьур болуш, хилларг билггал къастош", - аьлла, дийцинера Талламан комитетан белхахочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG