ШолгIа де ду Оьрсийчохь коронавирусах цомгуш хуьлучийн дийнан терахь 10 эзарнал совдуьйлу. Официалан хаамашкара ю и информаци.
Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса цомгуш хилла 672 стаг.
Дийнан а, юхьанцара а статистика иштта ю:
- Ставропол-мохк+149 (16 827)
- Краснодар-мохк + 95 (14 482)
- Дагестан + 85 (13852)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 81 (7 434)
- ГIалмакхойчоь + 76 (6 811)
- ГIебарта-Балкхаройчоь + 57 (7 934)
- ГIалгIайчоь + 49 (5 933)
- Къилбаседа ХIирийчоь + 35 (5 995)
- Адыгей + 39 (4 266)
- Нохчийчоь + 7 (2 458)
Дийнахь-буса 10 стаг кхелхина Къилбаседа Кавказехь, гучуяьлла коронавирус а йолуш: пхиъ - Дагестанехь, шиъ – Краснодар-махкахь, цхьацца – ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а. Верриг а уьнах велларг ву Къилбаседа Кавказехь 1700, аьлла ю официалан статистика.