ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ШолгIа кIира ду Карабахерчу конфликтехь Степанакертана тохарш до


Дуьненаюкъаралло къобалйина йоцчу Ломара Карабах республикан официалан векало бинчу хаамца, дуьххьарчу кIиранах динчу тохаршкахь вийна 18 маьрша вахархо, 90-на чевнаш йина. КIиранан дийнахь Азербайджанан президента Алиев Ильхама тIедожийhа Ереванна эскарш юхадахар хькъехь план кечъяр. Эрмалойн Iедалан векалша чIагIдарехь, оршотан дийнахь азербайджанхоша юха тохарш дина Степанакертана. Шайн территори тIе яккхийн тоьпаш еттарна бехке бина эрмалойн ницкъаш Азербайджанан агIоно а.

XS
SM
MD
LG