ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

14 шо долчу Эскиев Денис даьккхинчу орцано цIарах Iалашвина итт стаг Германерчу Оэслницехь


Скриншот

Германерчу Оэслниц гIаларчу цхьана урамехь цIийнах яьллачу цIарх богучуьра 6 доьзал кIъелхьарабаьккхина 14 шо долчу нохчийн кIанта Эскиев Денис, яздо BILD газето.

Шен деца-ненаца машенахь воьдуш, цхьана цIийнан тхевнах цIеяьлла гина жимчу стаганна. Цо чехкка сацаяйтина машен, ткъа ша сихонца телефон тоьхна цIе йойъучу хьукмате. Цул тIаьхьа шайн машенара ара а иккхина, Дени вахана тхов богучу цIа чу, цигахь массо а петарийн неIарш етташ, хаийтина нахана шаьш хьем ца беш арабовла безийла, бохамна кIел буйла. ЦIе миноташ йовлале кхаьчна цIийнан лакхарчу гIатан хIусамашка.

Иштта бохамна кIелхьара баьхна Денис шайн цIа чохь, вониг дагахь а доцуш, буса шайн телевизоршка хьоьжуш, пхьор деш беха нах - I0 стаг нисвелла цIахь оцу муьрехь.

Вуно цецбевлла, баккхийбеш бисина жимчу стага даьккхинчу орцано кхачийна цIеяйъархой. Цара тоьшалла до Денис дерриг а цIе яьлла гинчу вахархочо дан ма-дезза чекхдаьккхина хиларх – юьхьанца цаьрца зIеневаьлла, тIаккха сихха нахана аьтто белла цIа чуьра арахьалха.

Хеннахь орцадаккхар бахьана долуш, дIаяйина цIе.

Оэслниц гIалин мэра Хорн Мариос баркалла кхайкхийна нохчийн кIантанна-турпалхочунна. Денин доьнал сийлалле доккхуш, цунна совгIат дан лерина ву ша, аьлла цо журналисташка, боху BILD газетан хаамо.

XS
SM
MD
LG