ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хангошвили верах долу дов листа долош ю Берлинера кхел


Тахана, ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь, Германин коьртачу шахьарахь, Берлин-лаьттан Лакхарчу кхелехь хатта долош ду Нохчийчоь Ичкерин эскарехь декъан баьчча лаьттина Хангошвили верах долу дов. Бекевийриг ву Оьрсийчуьра вахархо, цо зулам дина лору талламо ц1ерачу урхаллийн лаамца.

  • Германии Федеральная прокуратуро Оьрсийчоьнан куьйгаллина т1едиллина Хангошвили верах долу жоьпалла.
  • Стохка Марсхьокху-беттан 23-чохь Берлинна юккъехь герз тоьхна вийра Хангошвили. Полисхоша лецира зулам дина хила тарлуш йолчу шеконашца Оьрсийчоьнан вахархо. Цуьнан цIе немцойн Iедалхоша йоккхуш яц, делахь а, журналистийн хаамашца, Красиков Вадим ву иза.
  • Bellingcat-о а, The Insider-о а, Spiegel-о а бахарехь, Красиковна Хангошвили вуьйш гIодина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан ФСБ-н "Вымпел" декъехь болх бинчу Демьянченко Романа.
  • Оьрсийчоьнан Iедалхоша тIе ца дуьту, Хангошвилина динчу тIелатарна шаьш бехкехилар. "Бандитийн къестамашкахь" нисделла цуьнан валар, аьллера президента Путин Владимира.

XS
SM
MD
LG