ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Исламан пачхьалкхан" декъашхо лаьцна ша Ставрополехь, боху ФСБ-но


Оьрсийчоьнан ФСБ-но хаам баржийна, ша Ставрополехь "Исламан пачхьалкхан" декъашхо хила тарлуш волу жима стаг лаьцна аьлла. 23 шо ду цуьнан. Цо даредина, къайлахчу сервисо бахарехь, прокуратурин а, кхелан а цIенош лелхийта кечлуш вара ша аьлла. Шина баттана изоляторе хьажийна иза.

Талламан версица, ша йина бомбанаш лелхийта дагахь хилла жима стаг. Ткъа оцу герзанна оьшу коьчалш оьцуш хилла цо цIенош ден гIирс бухкучу туьканашкара.

Лаьцнарг зулам дан кечлуш хилла алар доцург, цхьа а тоьшалла дац далош ФСБ-но, ца довзуьйту, маца, муьлхачу хьелашкахь, стенгахь ваьлла жима стаг "Исламан пачхьалкхан" могIаршка.

  • Оьрсийчоьнан къайлахчу секрвисаша кест-кеста хаамаш баржабо, шаьш цхьаццанхьа хуьлучура юкъахъдаьккхина терроран тохар, лецна зуламхой, олий. Оцу нехан девнаш хотту къевлинчу кхелашкахь, цундела журналистийн, бакъоларъярхойн наггахь а ца болу талламан документаш, тоьшаллаш ган а, деша а аьтто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG