ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Путинан киллерна" тIехь кхел. Хангошвили верах гIуллакх талла долийна Берлинехь


Оьрсийчоьнан а, Германин а юкъаметтигашна тIеIаткъам бен болу кхелан процесс йолаелла Берлинерчу коьртачу лаьттанан кхелехь. Стохка Марсхьокху-беттан 23-чохь Берлинехь герз тоьхна вийна, нохчийн гIаттамхойн хиллачу тIеман буьйранчан, Гуьржийчуьрчу вахархочун Хангошвили Зеламханан гIуллакх ду дуьйцург.

Бехкевийриг ву, Оьрсийчоьнан Iедалхойн омраца лелаш хилла аьлла, шеконаш йолу Оьрсийчоьнан вахархо. Хьем ца хуьлуш лецира иза. Соколов Вадиман цIарах долчу паспортца Германи кхаьчна хиллера иза, делахь а, талламчаш тешна бу, и цIе нийса яц аьлла.

Bellingcat талламчийн тобано а, цуьнан партнераша а чIагIдо, билггал цуьнан йолу цIе шайна хиина - Красиков Вадим ву иза бохуш.
Оьрсийчоьнан Iедалхоша лоьхуш вара иза, нах бойъуш лелла ву аьлла, амма тIаьхьо иза лаца кхайкхор юхаийцира.

Bellingcat группан информацица, Красиков жигара зIенехь хилла ФСБ-н "Вымпел" цIе йолчу декъан ветеранашца а, иштта, тахана а къайлахчу сервисашкахь болх бечу нахаца а цхьана.

Иштта, талламчашна хетарехь, Д.Роман цIе йолу накъост а хилла цуьнца юкъахь, иза а ву къайлахчу сервисашца воьзна.

Bellingcat тобано чIагIонаш йо, ФСБ-н хилла эпсар Демьянченко Роман ву иза бохуш. Хууш дац цкъачунна, Хангошвили верехь цо хIун дакъа лаьцна.

Красиковна дуьхьал гIуллакх даьккхина Германин федералан прокуратурано, "стаг вер" аьллачу артиклехь. Германин зорбанаша Iаламат йоккха терго йо процессан.

"Оьрсийчоьнан пачхьалкхан органийн тIедожорца, стаг вер" аьллачу цIарца публикаци зорбане яьккхира "Франкфуртер Альгемайне Цайтунг" гIирсо, "Москвара киллер" аьлла, яздора "Тагесшпигель" ресурсо, "Путинан киллерш Германехь" аьлла, цIе тиллира "Ди Вельт" аьллачу хаамийн гIирсо. Оцу дерригено а, Навальный Алексейна дIовш даларца цхьаьнадоьзна, шина пачхьалкхана юкъа шело юллур ю аьлла, хета.

"Ди Вельт" гIирсо яздарца, "бехкевечун гIентахь бехкевийриг хилла ца Iаш, цуьнца цхьаьна Оьрсийчоьнан пачхьалкх а ю".

Германин прокуроро бIобулуш бехк буьллу Кремлна, шайн махкахь стаг вен кхайкхорна. 1997-чу шарахь Берлинерчу "Миконос" кафехь ГIажарийчуьра схьаваьлла виъ мухIажир вийчхьана, Германехь оцу тайпаниг кхи хилла дацара. Германин прокуратурано дIахьедира, ГIажарийчоьно байъа кхайкхийна бара и нах аьлла.

Процессан коьрта чулацам хила тарло, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан структурашна бехк биллар луьстуш, тарло иштта, 67 агIонах лаьттачу бехкбилларан кехаташ тIехь ах тоьшаллаш билгалдаьхна а.

Кхелан хьалхарчу кхеташонехь прокуроро Георг Рональда дерриг а документаш охьа ца дийшира. Доккхачу декъанна шен вистхиларехь цо элира: "Дуьйцург ду, тхуна девзачу тоьшаллашца, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан структурийн омраца стаг вер. Германин Iедалхошна хетарехь, вийнарг пачхьалкхан мостагI хилла, хIунда аьлча, Оьрсийчоьнна дуьхьал Нохчийчохь тIом бина иза хилла дела".

2012-чу шарахь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша Германига хаам бинера, Оьрсийчоьнан ФСБ-но лоьхуш волу Хангошвили Кавказан эмират кхолла лууш а ву, Гуьржийчоьнан территори тIехь террорхой кхиош а ву аьлла, дийцина Георг Рональда.

Хангошвили я Кавтарашвили Торник (оцу гуьржийн цIарца веанера иза Германи), 2016-чу шарера схьа дуьйна Германехь вара политикан тховкIело лоьхург санна, "Германин прокуратурана хетарехь, Кавтарашвили вен кхайкхор- политикан дуьхьалончана бекхам бар санна ду" аьлла, билгалдаьккхина прокуроро.

Кхелан гIишло чохь, пандемин бахьанашца адам кIеззиг дара. Бара цигахь вийначу Хангошвили Зеламханан гергара нах (хIусамнана а, йиша а). Прокуратура а санна, Хангошвилин гергарчу нахах ворхI стаг ву довхо. Кхеле баьхкинчарлахь бац божарий. Берлинехь беха нохчийн мухIажирш ца хIуьтту шаьш цигахь гайта.

Дийнан делккъахь Берлинан юккъехь Хангошвили вер, шаьш човхор, шайга дина дIахьедар санна тIеийцира дукхахболчу нохчийн диаспоран векалша.

Брянскерчу гIишлошъяран сферан белхахо ву ша боху бехкевечо, хIетте а, талламчийн шеконаш яц, иза билггал Красиков Вадим хиларан а, Соколов Вадиман паспортца шайн дозана тIе иза валаран а. Кхелехь а тIедожадо цо, шех Соколов Вадим ала бохуш. Цундела, билггал цуьнан цIе къастталц Соколов цIе ю суьдхоша лелон ерг.

Кхо адвокат ву бехкевечун. Шиъ кхело велла, кхоалгIа Унгер Роберт цо ша лаьцна ву.

Кхелан векало Яни Лизас хиллачух иштта дийцира: вилспетахь тIехьашхула тIе а веана, жимма юкъахь дистанци а юьтуш тапча тоьхна, вожийна цо иза. Цул тIаьхьа, улло а веана, шозза коьртах тапча ялийтина.

Кхелахойн шолгIачу вовшахкхетарехь, карарчу беттан 8-чохь, Хангошвили вуьйш гиначу шина тешо къамел дира. Уллорчу кафечуьра арахьоьжуш гинера цу шинна, иза вуьйш. Ткъа бехкевийриг тийна, тапъаьлла Iа, шен тешашка хеттарш дан а бакъо йоллушехь.

Ерриг а кхелан 25 кхеташо ю хир йолуш. ХIинца а къастон деза суьдхоша, мила хилла Соколовна гIо деш, хьан елла цуьнга тапча, муха кхаьчна герз Германи, дуьххьара Берлинехь нисвеллачу цунна, Хангошвилина тIе боьду некъаш а хьан гайтина.

"Соколов" Польшера кхаьчна Берлине, ткъа цига веана Парижера схьа. Францин визаца Москвара новкъаваьлла хиллера иза дуьххьара.

РогIера кхелан дийцарш хир ду карарчу беттан 27-чохь а, 28-чохь а. Хьалхарчу кхеташонехь тешашка хеттарш дийр ду юха а.

Процесс йолаялале хьалха немцойн-кавказхойн юкъараллан куьйгалхочуьнца Маас Эккехардца къамел хиллера Свобода Радион корреспондентан. Цо кехат яздина хиллера Германин арахьарчу гIуллакхийн министралле, Хангошвилина политикан тховкIело а лой, цунна ха хIоттаде бохуш. Аьтто ца хилира цуьнан и гIуллакх кхочушдан. Мааса бахарехь, кхоьруш вара Хангошвили, шен ма-хуьллу ларлуш а вара иза. Ламаз дан маьждига воьдуш тахана кхузахь хиллехь, кхана кхечухьа воьдуш хиллера иза.

Берлинехь йолийначу процессах лаьцна вистхуьлуш, демократин союзан партин арахьарчу политикан эсперто Кизеветтер Родериха дIахьедира: "Къаьсттина эргIаде хетарг хIун ду аьлча, Ливиненко Александр вер а, Скрипаль Сергейна кIелояр а санна, хIара зулам а Оьрсийчоьнал а арахьа дина хилар. Ткъа хIинца дуьххьара немцойн лаьтта тIехь стаг вийна, иза инзаре скандал ю".

Берлинехь стаг верна Германин Iедало реакци яр цхьа собаре хета Германерчу оппозицин партешна. Бакъду, Германин канцлеро Меркель Ангелас хIинцале а дIахьедина, нагахь санна, Хангошвили вен кхайкхийнарг Москва ю аьлла, кхело тIечIагIдахь, ян езза реакци Германино тIаккха йийр ю аьлла.

XS
SM
MD
LG