ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Степанакерт ракеташна кIел – барт бина де а далале


Степанакертхой бомбанех лечкъина Iа, ГIадужу-бутт, 6, 2020
Степанакертхой бомбанех лечкъина Iа, ГIадужу-бутт, 6, 2020

Аззербайджано а, Эрмалойчоьно а де хьалха гуманитаран тийналла кхайкхийнехь а, цара Карабахерчу конфликт сацо бина барт боххаза баьлла тахана, кIирандийнахь.

Шоьтан дийнан делкъехь сацо безаш бара агIонаша тIом, Москвахь хиллачу бертаца а догIуш. Амма яхначу буса Карабахан коьртачу шахьарна Степанакертана тIе ракеташ йиттина, хаам бо информацин агенталлаша.

Эрмалойн сепатистийн анклаван куьйгалло Азербайджан бехкейо Карабахерчу масийтта гIаланна тIе герзаш деттарна.

Сийсара сарахь Эрмалойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра бехкбиллина Азербайджанна барт бохорна. Ткъа Азербайджанан тIеман министралло а дIахьедина Эрмалойчоьно ракеташ йиттина шайн Гянджа гIала, аьлла. Оцу гIалахь белларш а бу маьршачу бахархошлахь, боху баьржинчу хаамаша. Эрмалойн арахьарчу гIуллакхийн министралло, иза дезинформаци ю, Азербайджан къайладаьхьа гIерта ша тIом сацош бацар, аьлла.

XS
SM
MD
LG