ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрин набахтера ведда ши нохчо каравеана полицина


Австрин Карлау-Гратц олучу шогачу рожан набахтера ведда хилла Нохчийчуьра 21 а, 26 а шераш долу ши жимстаг а, иштта, Румынера 26 шо долу вахархо а лаьцна полисхоша. Шоралла а, йохалла а 30 сантиметар Iуьрг даьккхина хилла цара чоьхьарчу пенах. Меттан шаршех пайда а оьцуш, чубиссина хилла уьш, яздо krone.aт ресурсо.

Сигнализаци екашшехь, ка яьлла церан гIали чу кхача. Амма набахтена гена доццучохь шиъ лаьцна полисхоша, кхолгIаниг жIалина карийна паркингехь лаьттачу машенна бухахь лачкъа воьлча.

Хьалхо Маршо Радионо яздира, Нохчийчуьра ялх стаг лацарх Австрехь. Талламчийн версица, лелар а, духар нохчийн ламасташца догIуш дац бохуш, шайн махкара баьхкинчу мехкаршна тIаьхьабевлла лелаш хилла уьш. Ву царлахь 19 шарера 37 шаре ваьлла пхи стаг а, иштта зуда а ю бехке еш, кхерамаш а туьйсуш, психологин ницкъ бина ца Iаш, леташ а хилла бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG