ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ламасташ лардо а бохуш, нах хьийзор? Нохчийчуьрчу зудаберашна тIаьхьабевлла лелларш лецна Австрехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Кху муьрехь Австрин полицино Нохчийчуьра ялх вахархо дIалаьцна. Талламчийн версица, лелар а, духар нохчийн ламасташца догIуш дац бохуш, шайн махкара баьхкинчу мехкаршна тIаьхьабевлла лелаш хилла уьш. Ву царлахь 19 шарера 37 шаре ваьлла пхи стаг а, иштта зуда а ю бехке еш, кхерамаш а туьйсуш, психологин ницкъ бина ца Iаш, леташ а хилла бохуш. Европехь бехачу нохчийн уггар а йоккхахйолу диаспора ю Австрехь, цундела, цара хьийзо нах а дукха хила тарло.

Австрерчу полицин урхаллан векало Дитрих Маркуса ма-дийццара, лецнарш зудаберех а, церан гергарчу нахах а бетталуш, кхерамаш туьйсуш, царна тIеIаткъам беш хилла. Цхьацца меттигашкахь, церан доьзалашкарчу нахах а, бевзачарех а леташ хилла. Кавказ.Реалиин корреспонденто хаьттира полицин пресс-гIуллакхошка, хьан, маца йиттинера аьлла, амма гIуллакх толлучу юкъанна, цунах лаьцна дийца бакъо яц шайн элира цара.

Дохкучу бехкашца, буьйцучу кегийрхоша а, иштта, царна гIо деш хиллачу зудчо а, Австрехь дехачу нохчийн зудаберашна тIехь терго латтош хилла., церан социалан машанашкарчу аккаунташкахула. Амма, интернетехь царна тIаьхьабевлла ца Iаш, уьш боьлхуш-богIуш а тIехь контрол латтош хиллера цара.

Полицино бинчу хаамца, "оьздангалла ларъярхой" кхаьчна хилла меттигерчу школашка а цхьана. Нохчийчуьра схьабевллачу бахархойн кIенташна тIедиллина хиллера цара, оцу школехь доьшучу нохчийн зудаберийн леларе хьовсуш хила аьлла. Нагахь санна, "дукха тIех малхбузерчу леларца" уьш тусалахь, тобан векал церан цIа а воьдуш, шаьш дендолчух дIахоуьйтуш хиллера. Мехкарийн суьрташ а, уьш тIехь болу видеош а яржош хилла цара Телеграмерчу къевлинчу группашкахь, цара кхин дIа яржош хилла, масала, WhatsApp-ехула.

"Комментареш бен тергал ца йо наха"

Австрерчу нохчийн диаспорана оцу тобанах лаьцна хууш долу дикка хан а хиллера: стохка дуьйна лелаш дара хабарш, хууш дара муьлш бу а, цара юьхьарлаьцначарех а дара дерриг а хууш.

Лаьцначех цхьаннан, Австрехь вехачу 22 шо долчу нохчочо боху, шена и тоба юьйцуш хезнера, амма ша вацара церан могIарехь

"Дуьйцуш ду, цара ницкъ бина, кхиндолу зуламаш а лелийна бохуш, и дерриге а бакъ дац. Зудаберашка дIахьедора цара, шун лелар нийса дац, нохчийн мехкарий санна дац шун хатI олий", - боху, шен цIе яккха дуьхьал хиллачу жимчу стага.

Цхьана дикачу ойланца лелара уьш боху къамел дечо: "Дукха хьолахь, оцу мехкарийн дайшна а, вежаршна а хууш ма ца хуьлу, цара лелориг. Ткъа кегийрхоша кхерабора уьш, шаьш дIадалхор ду шу дайшка, нагахь санна, шайн лелар аш ца хийцахь олий. Суна-м ца лаьара, сайн йиша иштта лела.

Ткъа 18 шо долчу Исаева Заремина хьажам иштта бац (цуьнан кхерамзалла Iалашъярхьама цIе хийцина оха). Цхьа ларамза даьккхина сурт бахьана долуш, муьлш бу ца хуу нах тIаьхьабевллера шена боху цо. Заремас чIагIдарца, инстаграмерчу цуьнан пена тIера эцнера цара иза тIехь йолу сурт. Школехь хIоттийначу барамехь шеца цхьана доьшучаьрца ша йоьлуш, бат сеттош даьккхина дара боху цо и сурт.

"ХIара ду аьлла, лаца хIума ма дацара цу сурта тIехь, - дуьйцу йоIа. – Амма цара иза лачкъа а дина, даржа а дина, маьттаза комментареш язйича, сан сайн а цхьа шеконаш-м кхоллаелира, лартIахь дац-кх аьлла. ХIун дуьйцур ду, комментарийн бен терго еш боцчу кхечу нахах лаьцна?"

Заремас дийцарехь, чIогIа кхераеллера иза, шен сурт тобанашкахь дийца даьккхича. Цхьа кхераме хьал тIехIоьттича зударшна хьехарш дечу организацига орца дехнера цо. Ткъа цара полицига дIахаийтинера.

Юьйцучу юкъараллан белхахочо (ша юьйцу йоI гучу ца яккхархьама шен цIе а хьулъяр дийхира цо) дийцина Кавказ.Реалии портале, полицига хаам бале хьалха, нохчийн диаспорехь социалан белхахой леха ша гIертарх. Цаьргахула кегийрхошка дехар дан йоллура ша боху цо, гIуллакх гена а ца долуьйтуш, дуьйцу сурт социалан машанера дIадаккхахьара аьлла. Амма цунах а гIуллакх ца хилира.

"Иштта ламасташ дац"

Анониман телеграм-каналеррчу "оьздангалла Iалашъярхоша" лелориг полицино толлуш хилар хууш дара нохчийн къаношна а. Оцу тобанхоша лелочух шайга масех бутт хьалха дийцира полисхоша боху "Австрерчу нохчийн а, гIалгIайн а Кхеташонан" куьйгалхочо Мусаитов Шайхис. Кхеташонан декъашхоша чIагIдарехь, церан аьтто хилира шеконаш кхоллаелла нах схьакарон а, цаьрца къамел дан а.

"Уьш кхето гIоьртира тхо, йа нохчийн Iадаташца а, йа шарIехь а, йа Австрин низамашца а догIуш дац аш лелориг аьлла. Нахана тIаьхьа а буьйлуш, массарна а хьалха уьш сийсазбеш, юьхьIаьржа хIиттош гIиллакхаш нохчийн хилла дац. Шаьш бехкехиларна мукIарло дина цара: дош делла, массо а суьрташ дIадохур ду шаьш, и тоба а йохор ю аьлла", - дийцина Мусаитовс.

Делахь а, группа дIа ца яьккхинера, Австрин "Кобра" олу спезназан эскархой администраторан хIусамех хьовса бахккалц.

***

2017-чу шарахь Кавказ.Реалиис яздира "оьздангалла къийсархойн" ВКонтактерчу "Карфаген" цIе лелочу тобанах лаьцна. Социалан машанашкахь Нохчийчуьрчу зударша зорбане дохучу суьрташна а, цара юьтучу комментарешна а тIаьхьабевлла лелара уьш.

Материалан оригинал кхузахь еша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG