ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьхьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 25 дархо. Вирус хьакхаелла 740 стагах


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах кхелхина 25 пациент, ун къаьстина кхин а 740 вахархочуьнца.

Эпидеми дIаса ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла исс стаг, Ставрополан махкахь ялх, Краснодаран кIоштахь а, ГIалмакхойчохь а виъ-виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Адыгейхь а цхьацца къелхина.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла пандеми яьржичхьана COVID-19 вирусах 1 863 стаг. Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан махкхаь- 163 стаг:

• Ставрополан махкахь+163 (18 393 ву эпидеми яьржичхьана)
• Краснодаран кIоштахь +106 (15 495)
• Дагестанехь + 84 (14 68I)
• ГIебарта-Балкхаройчохь+ 82 (8 656)
• ГIалмакхойчохь + 80 (7 615)
• Кхарачой-Чергазийчохь+ 80 (8 246)
• Адыгейхь + 51 (4 699)
• ГIалгIайчохь + 48 (6 455)
• Къилбаседа ХIирийчохь+ 40 (6 378)
• Нохчийчохь + 6 (2 513)

Къилбаседа Кавказехь таханалерачу дийнахь коронавирусан ун токхуш ву 93 131 стаг. Оперативан штабан зерашца, йоллу Оьрсийчохь ун даьлла ву 1 354 163 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG